ТIекхочийла долу линкаш

Закан-юьртахойн дов даьлла полисхошца


ТIехьа-Мартанан кIоштарчу Закан-Юьртахь массех дов иккхина бахархойн полисхошца. Царех цхьаъ ду полицин белхахоша юьртарчу кхаа йоIана, уьш хьиджабаш йоьхна бу аьлла, йиттича даьлла. Мекхаршна еттар ца тайна баханчу юьртан бахархойх массех лаьцна хилла полицино. Цул тIаьхьа закан-юьртахой машенашкахь бахана полицин цIентIе протест кхайкхо.

Ирх герзаш детташ, лаьхкина нах полисхоша. Оццу юьртахь школа йоккхуш пачхьакхан экзаменаш дIалуш волчу жимчу стагна а йиттина полисхоша. Мехкан хьаькамаш полицин агIо лаьцна шайга наха арздича. Закан_юьртахь лилхинчу инцидентех шуна алссам хезар ду кху программехь.

XS
SM
MD
LG