ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оьрсаша шайн политик аэрапортера юхахьажор IаьтIкъина немцошна


Дахначу кIиранах немцойн Бундестаган депутат Веллман Карл-Герог Москох чу а ца вуьтуш, юхаверзор бахьана долуш гучуделира, Кремло кхин а везткъе исс 89 Малхбузера политик Оьрсийчу вар дихкинчийн могIаршка яззвина хилар. И бахьана долуш Евроберто дера критика йо Кремлна.

Европарламентан депутаташа вуно ирча критика йина, Москохано 89 стаг, шайна юккъехь бевзаш болу Малхбузера политикаш а, юкъараллин жигархой а, адамийн бакъонашларъярхой а болуш, Оьрсийчу вар доьхкуш долчу могIаршка базбар.

Дахана кIира довш гучубевлла болу и оьрсийн дипломаташ „персона нон-грата“ кхайкхиначу нехан могIа гучубелира, немцойн канцлеран Меркел Ангелин хьехамча волу, Бундестаган депутат Веллман Карл-Георг лакхарчу Оьрсийчоьнан куьйгалхоша цкъа хьалха Москоха а кхайкхина, амма Шереметьево кеманийн портехь дозанел сехьа а ца волуьйтуш, цигахь дозанийн хьукматхоша аьшнаш а веш, цуьнга буьйса а яккхийтина, иза Берлине цIехьа вирзинчул тIаьхьа.

Цкъа хьалха финхойн журналисташа а, цул тIаьхьа массо а аьлча санна баккхийчу дуьненаюъкарчу хаамийн гIирсаша а зорбане баьхначу Оьрсийчоьно шаьш долчу богIу некъ бихкинчу нахана юккъехь дуккхаъ пачхаьлкхенаш ю.

Европарламентан арахьарчу гIуллакхех йолчу комитетан куьйгалхочуо Брок Элмара, ша а цу могIарашкахь нисвеллачу, немцойн Passauer Neue Presse газетана ша еллачу интервьюхь билгалдаьккхира, Кремло чу ца бахкийта сацам бинчу нахех цхьаммо а дина цхьа а талор дац, уьш зуламхой бац, аьлла. Меркелс куьйгалла дечу Кериста-демократийн партин векал волчу Брока и могIарш вовшахтохар – Кремло шен къомана хьалха еш шоу ю элира.

20I4-чу3 шарахь дуьйна даиманна а Оьрсийчу яр шена дихкина йолчу Европарламентерчу „Баьццарчу партин“ фракцин куьйгалхочуо Хормс Ребеккас Москохано оцул дукхачу нахана некъ бехкар – иза къепе дацар ду, элира. „Со дукъа гIиртина цу могIарех кхета, амма цунах кхета йиш яц“, - элира цо.

Евробертан арахьарчу гIуллакхийн лакхара коммисар йолчу Могерини Федерикас, Оьрсийчоьно хIоттийна чу ца бохкуйту нехан кочар – иза цхьанна а кепара бух болуш хIума а дац, харцо а ю, элира немцойн агенталлийца шен цу хьокъехь хиллачу къамелехь.

Юккъера и нах стенна, мича бахьанашца хаьржина бохучунна цхьа а кепара Москохано далош кхетар а ца хилча муххале а аьлла. Цо дйицарехь, Кремл декхарийлахь яра ша и тоба вовшахтухучу хенахь Европерчу партнерашка хаам бан, шаьш бинчу харжамийн бахьанех а, критерех а, ткъа иштта и сацам тIеэцаран процессех а лаьцна – дипломатийн низамашца догIуш ма-хиллара.

Шен рогIехь, Оьрсийчоьно Европера дохуш долу бехкаш дацаре деш ду. Оьрсийоьнан арахьарчу гIуллакхийн информацин а, зорбан а департаментан куьйгалхочун гIовс йолчу Захарова Маринас чIагIдарехь, Малхбузено шайга кхаьчна йолу „Стоп-лист“ зорбане яккхар осала хIума ду.

Шен Фейсбук агIонна тIехь хьукматхочо яздина, Цхьаьнакхеттачу къаьмнийн юкъаралло тIечIагIйина йоцушехь Европеберто Оьрсийчурчу политкашна а, бизнесхошна а дуьхьал баьхна хилла болу чу ца буьтучу нехан могIарш – иза харц некъ бара, ткъа Оьрсийчоь, дуьненаюкъарчу Iадаташца догIуш ма-хиллара, цунна дуьхьал жоп дала декхарийлахь яра, аьлла.

„Брюссело дипломатийн каналашкахула Москоха дехарш динера, стоп-листана юккъехь болчу нехан цIераш йовзийтахьара, царна эрна новкъарлонаш ца хилийтархьама, аьлла. Москохано и дехар кхочушдича, цара оцу сохьта иза цIераш зорбане яьхна. Иза осала хIума ду шуна“, - аьлла яздина Захаровас.

XS
SM
MD
LG