ТIекхочийла долу линкаш

ТIехьа-Мартанан кIоштарчу Закан-юртарчу школехь дешархочунна полисхоша къиза еттар дижон гIерта меттигера а, мехкан а хьаькамаш. Церан карахь болу хаамийн гIирсаш бу жимастаг бехкевеш. Амма юккъараллехь хууш ду хиллачух бакъдерг.

Кхо-диъ де хьалха Нохчийчохь уггаре а коьрта хаамийн гIирс хилла дIахIоьттинчу Ватсапехула цхьана зудчун дIахьедар даьржира. Иза дара республикан куьйгалхочуьнга Кадыров Рамзане цо дина. Закан-юртара яхархочо доьхуш дара, шен кIантана къиза йиттина болу полисхошна дан догIуш долу таIзар дар.

Бибулатова Жаннас бахарехь, цуьнан кIантан Астемирова Iадланна ЕГЭ дIаяла ваханчохь полисхочуьнца дов а даьлла, царех массийта тIе а кхетта йиттина, мара а кагбеш, мочхал а лазадеш йиттина. Нана шен кIентан бехк бац аьлла тешаш ю, полисхочо маьттаза дешнаш а дийцича, иза ца ладелла, дуьхьала цхьаъ аьлча, тIаккха йиттина цунна, боху цо.

Лулахой а, юьртахой а теш хIуьттура бу, иза муха кIант ву хаа лаахь, аьлла. ДIахьедаран бухахь шен телефонан лоьмар а йитина карзахяьллачу зудчо.

Цо гIараяьккхина йолу телефонан номер дIаяйина ю тахана. Амма цо ма баххара, юьртахой оцу кIантах хаза дош аьлла а ца Iаш, гул а белла, юьрта полицийн декъана хьалхахь гулбеллера, цаьргара хилчуьнах жоп деха.

ГIуллакх кхин гена ца долуьйтуш дIадерзийна Соьлжа-гIалара сихонца хьалакхаьчначу Iедалхоша. Чоьххьарчу гIуллакхийн министрийн гIовс Алаудинов Аптис таIзар дийра ду аьлла бехке волчунна. Прокуратуро и гIуллакх талла тIелаьцна. Дов дирзина лоруш ду.

Закан-юртахь хиллачуьнна иштта комментарий йо нохчийн журналиста Лакаева Залинас. Иза кхеташ яц, сел буьрсачу хьелашкахь хIунда дIахьош ю и экзаменаш.

Лакаева: «И ЕГЭ йолаелчхьана вайн махкахь а, Оьрсийчохь а цхьацца зуламаш дуьйлуш керланаш хуьлу-кх вайна. Ша шена тоьхна кхалхар хилла олий хаам хуьлу. Нохчийчохь, уьш къайладаккха а гIерта.

Закан-юртахь дешархочунна йиттина аьлла ду. Бераш экзамен яла даьхкинчу хенахь, цаьрга тIера схьа ца язъяйта йоккха гIовгIа яьккхина. Уьш цхьа зуламхой болуш санна, герз долу нах дIа а хIиттина, и талламш беш, тIера духарш толлуш, камераш а хIиттина, синIаткъам хуьлу. Берах латар доьналла дац».

Ша милла а велахь а, берана тIе куьг кховдийна волчу полисхочун хьокъехь таллам а бина, цунна а, цуьнан хьакаманна а таIзар дан деза аьлла хета Лакаева Залинина.

Лакаева: «Уггаре а хьалха ас оцу полисхочун хьаькам балхара дIавоккхура вара. Шен белхахочух жоп луш воцучу цо болх бан ца беза. Оцу ЕГЭна цхьацца бакъахьа агIонаш а хир ю, суна-м бIостнехьерш алсам хета. Къаьстина кху Оьрсийчохь а, Кавказехь а, коррупцийн системийца муххале а».

Бераш а, къенаберш а цхьана синIаткъаман кIелахь баьхначийн маогашаллийн хьал дика ду аьлла ца хета журналистана Лакаева Залинина. Къизалла гина долчу къоманна цхьана а тайпа реабилитаци йина а, еш а яц аьлла, билгалдаьккхира цо.

Лакаева: «2-3 де хаьлха накъосто телефон туьйхира, елха а йоьлхуш. 9-чу классера цхьа кIант, экзамен дIа а елла, цуьнан жамIе хьажа вахча, цигахь дог иккхина велла. СинIаткъам хилла ду цунна иза. Вайн адам могаш дац. Оьрсийчуьра эскархой, шай казармаш чохь дIа а ловчкъий, 3 я 6 баттахь кхузахь хилла аьлла, психикан реабилитаци ян еза олу. Ткъа дерриге а лайна а, ловш дехачу къоман могашалла галъяьлла.

Сунжа кIоштехь а цхьа йоI иштта ЕГЭ дIалуш, лаца а елла, цомгуш хилла. ХIинца, цуьнах хIун хилла ца хаьа суна. ХIун къуьйсуш ду вай? Мича кхача гIерта?».

Закан-юртахь хиллачуьнах дерг мехкан дозаналла арадаьлча, меттигерачу телехьожийло, йоккха репортаж яьккхина, йиттинчу оцу кIентан ненера а, цуьнан девешера а интервью а оьцуш.

Даш-дашера даьллера, кхин хIумма а хилла дац, боху нанас. Изза, боху девашас а.

Амма, къиза йиттина яц бохуш волу кIант ца гайтира. Гарехь, башха дIагайта тамехь хилла хир вац.

Шуна хетарг

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG