ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Ериг яккха" дагабеъча даймохк...


The signing of the contract at the notary
The signing of the contract at the notary

Нохчийчоьнан хьалха, тIемаш лелхале баьхначу оьрсийн бахархойх бовлу цIаберза луурш. Амма царех цхьаберш иза дан гIерта цхьацца бозбуунчаллица. Кху деношкахь ишттаниг цхьаъ гIоьртина шен нохчаша ша талхийна бохуш ялхае бакъо меттахIотто. Амма иза чекх ца даьлла.

Шинна а тIаман юьххьехь Нохчийчохь баьхначу оьрсийн бахархошна тIехь боккха Iаткъам бина бохуш, дуьйцуш ду даиманна федерала хаамийн гIирсаша. Цхьаболучара-м, иттанаш эзар царах нах къиза байина, царна тIехь латтийнарг геноцид ю, бохуш чIагIдо.

ТIеман юьххьехь цу тайпа зуламаш бен-башхалла а йоцуш хилла ду, амма буьйцучу барамашкахь дац. Дукха меттигаш ю, цIахь бисинчу оьрсийшна тIехь нохчаша Iуналла дина.

Дукха оьрсий Соьлжа-гIалара шай меттигаш а, петарш а болчу мехах дIа а юхкуш, дIаихна, уьш эцначеран дола а догIуш. Амма тIаьхьа-тIаьхьа гучубовлуш бу уьш хIинца юхабахка лууш. Цхьаболучара бозбуунчаллийца до иза.

Кху деношкахь Нохчийчоьнан лаккхарчу кхелан коллегийно Соьлжа-ГIалин хиллачу вахархочуьнна Епихов Алексейн арз теллина. Старопромыслан кIоштехь ваьхначу цо, шен петар йоьхкина хилла Эльмурзаев Рамзанна.

ГIуллакх теллича къаьстина, и шен петар цо йоьхкина хилар. Эльмурзаевс шега цо ахча дIаделла аьлла, куьг таIийна кехат а тоьшаллийн далийна. Иштта, эцар-йохкаран нотариусо хIоттийна документ а ду.

Иза, цхьа агIо ю, Нохчийчуьра дIаихинчу оьрсийша шайн гIишлош юхаерзо лелош. Цхьаболучара дIа а юхкуш, шаьш дIакхаьчначу керлачу меттехь, «отказной» олуш долу ахча схьа ийдина дукха меттигаш ю.

ГIишлонаш оьцуш, юхкуш юккъе лелаш берш дукха Iиттало иштта хIуманашна. Абубакаров Рустам цIе йолчу царах цхьаммо дийцира Маршо Радиога цуьнах лаьцна.

Абубакаров: «ТIом балале I999-чу шарахь, оха а ийцира кхузахь лулахь 30 шарахь яьхначу метишкигара цIегнош. И цIенош оьцучу хенахь, нотариус йолчу а вахана хила ма деззара кехаташ кеч а дира. ТIом баьлча, и цIенош дохийнера. Компенсацина уьш чуделча, 2003 шарахь дуьйна иза, «отказной» хилла-кх. Белгородехь цхьанахь цо и ахча схьаэцнера. Иштта, хIума динера суна оцу зудчо. Оха-м кхелехула иза дIадерзийра».

Тахана къайле яц Нохчийчуьра дIаихина болу оьрсий керлачу меттехь а дукхачу хьолехь дIауьйш ца хилар, Дуьххьара дIа, бухахь болчара тIе ца оьцун дела. Царах «чеченаш» бен олуш а дац. Мухха а бирзина а цIа берза лучу цара аьрзанаш до лаккхарчу Iедалшка. Иштта цхьанах а дийцира Абубакаров Рустама.

Абубакаров: «Кхузара дIабаханчара шайгара петарш дIаяхна бохуш, дуьйцу. Шаьш цIа догIур дара олу цара. Путине кехат яздина хилла цхьана зудчо, шен Соьлжа-гIалара гIишло схьаоьцуш гIо дахьара аьлла. Кхузарчу Iедалшка схьахьажийна хилла и кехат. Теллича гучудаьлла, цо и петар йоьхкина хиллийла. Доцца даьккхича, ша йоьхкина петар схьаяьккха гIерташ хилла-кх иза».

Нохчийчохь тахана муьлхачу а гIишлонна, оьцуш-юхкуш хилча, дукха леррина талламаш бо наха. Иза мацца а оьсрийчуьнна долахь хиллийла хиъча-м, муххале а. Хаьа кхана-лама долахо юхаван мегийла. Цундела, иштта деш долу аьрзанашца дIаихинчу оьрсийшка шай хилла дIайоьхкина йолу хIусамаш юхаерзалахь тамаш хета риэлторна Абубакаров Рустамана.

Абубакаров: «Со а ву петарш юхкуш. Тахана юхкучу муьлхачунна а кехаташка чIогIа лерина хьовсу нах. «Отказной» я приватизаци йина иза елахь, ца хIутту эца. Шек бовлу нах приватизаци йинаачу гIишлойх а. Дукха нисло цу тайпанаш».

Тахана Нохчийчу цIа берза лууш дукха оьрсий бу. Уьш кхузахь болчу хенахь, олуш дара, оьрсий дIаболхахь, Соьлжа-ГIала боьхалла гIур ю, нохчаша цара беш хилла боллу Iаьржа белхаш, канализацеш цIанъеш бийра бац аьлла. Амма замано гайтина, царел а, кхечарел а белхаш дика а беш, беха тахана могIарера нохчий.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG