ТIекхочийла долу линкаш

ГIаттамхошна гIо дарна бехкево Нохчийчуьра вахархо


Нохчийчуьрчу рогIерчу вахархочунна дуьхьал даьккхина бехктакхаман гIуллакх. Ницкъаллин структурийн белхахоша лаьцна, бехкево иза гIаттамхошна ахчанца гIо-накъосталла дарна. 30 шо долу иза лаьцна оршотдийнахь шен цIера. Полисхойн хаамашца, бехкевийриг кIера хилла, ши шо хьалха тIемалошка ахча д1аделира ша, аьлла.

Цуьнга юьртара аравала дихкина Iедало. Иштта Стигалкъекъа-баттахь Теркайистера 30 а, 31 а шераш долу ши вахархо а лецира полисхоша, цо гIаттамхошца зIе латторна.

XS
SM
MD
LG