ТIекхочийла долу линкаш

Массо а меттанийн метта - оьрсийн мотт


Оьрсийчоьнан къаьмнаш

Оьрсийчоьнан къаьмнаш

190 сов къам чохь деха пачхьалкх Оьрсийчоь «дуккха а къаьмнийн мохк» бу боху конституцино. Амма 2 миллиард сом хьажийна Iедало дозанал арахьа оьрсийн мотт хьехийта, ткъа лахдина школашкахь къаьмнийн меттанаш хьехар, школаш вовшахъетта йолийна. Цунах «оптимизаци» олу...

Советан пачхьалкхехь оьрсийнчул совнаха, царех доцчу къаьмнийн синбахамаллийн хьашташ кIезиг-дукха тергонехь хуьлура пачхьалкхан.

«Воккха ваша», оьрси,веза вара массарел а, амма тахана санна тесна ца вуьтура оьрсех воцу вахархо а. Я лаккхарчу политикаша, Iедалан структураша гуш емал а ца дора иза оьрсех вацар - кIезиг яхь а, йора терго цуьнан синан хьашташна а.

Дукха хенахь дуьйна вевзаш журналист, карарчу хенахь Гуьржийчуьрчу пачхьалкхан университетан профессор ву Панфилов Олег. Паччахьан а, Советан а Iедало къаьмнашца лелочу политикан агIо яра цаьрца бехачу оьрсашна меттигера меттанаш хаар даздеш, бохуш дагалоьцу цо.

Панфилов: «Со винчу а, кхиинчу а, Iилма Iамо волавеллачу а Таджикистанехь лелларг суна дика девза. Дукхахболчу хьаькамашна, масала, паччахьан заманахь Ходжентан гарнизонан буьйранчина полковникна Ушакевична парггIат хууш хилла фарси а, тюркийн а меттанаш. Паччахьан Iедало иштта шегахьа бохуш хилла бухара нах.

Мелла а паргIат дин лаледойтуш хилла, амма юьхьанца, и территореш дIайохучу хенахь санна, тIекъадеш-м ца хилла».

Таханлера сурт гойтуш ю ерриг-пачхьалкхан «Известия» («Хаамаш») газето кху деношкахь Оьрсийчоьнан арахьарчу мехкашкахь оьрсийн мотт, оьрсийн синбахамалла шоръян Iалашонехь йолчу «Росгоссотрудничество» олучу федералан агенталлан куьйгалхочуьнгара Глебова Любовгара эцна интервью.

Хьаькамо дуьйцучун тергойича кхета цуьнгарчу хьукматан йоккхах Iалашо Советан Iедал доьхча меттахIиттинчу пачхьалкхашкахь, Европехь, Iамеркахь оьрсийн синбахам, уггаре хьалха оьрсийн мотт баржор юйла.

Хьашташ кхочушдан пхеа шарна «Росгоссотрудничествона» делла пачхьалкхо ши миллиард сом. Иза хьалхачул а кхузза сов ду, боху Глебовас.

Оцу ахчано хIун болх бан беза бохучу хаттарна жоп луш, фунционеро шен агенталла ю боху «кIедачу ницкъан» хьукмат. Цуьнан маьIна кхетадало, ладоьгIча, кхечу мехкашкарчу хийрачу нахера Оьрсийчоьне безам «Росгоссотрудничествоно» ахчанца а, хазачцу маттаца оьцур бу бохург.

Ши бутт хьалха шегарчу дарже хIоттийна йолу Глебова Любовь кхета шена Кремло декхаре дуьллург кху муьрехь политикехь Оьрсийчоьнан тIунъелла имидж меттахIотто гIертар дуйла.

...Ахчане далург-цадалург чоьте эцча, кхиамаш хила тарло «Росгоссотрудничествон» дуьненехула оьрсийн мотт а, синбахамалла а яржош. Иза, мухха а дийцича а, Кремлан арахьарчу политикан са бу. Ткъа оьрсех доцчу къаьмнашка шайх ойла а йойту Глебовас – дагадоуьйту церан ненан меттанашка боцу ларам.

Оьрсийчоьнан чоьхьарчу политикехь а ду оьрсийн мотт Iамор коьрта, иза пачхьалкханиг хиларе терра. Амма кхечу меттанашна хуьлу зен гуш а дац Кремлна.

Цунна сагатдо шайн меттанех къаста ца туьгучу наха. Деккъа сагатдан бен ца дисинчех ду Сибрехара къаьмнаш. Iилманчаша ечу прогнозца, цара тахана хьоькхучу декъазчу камаIаршца ден а балур бац леш лаьтта меттанаш.

Бала болуш дай бовлахь, мелла а чохь садиса тарлучех бу ЮНЕСКО-но халчу хьолехь лору Къилбаседа Кавказан меттанаш.

ЮНЕСКО-но стенна баьккхина нохчийн мотт оцу могIаршка, олий, гIотту тахана Кремлан политико вохвина Соьлж-ГIалара патриот. Амма ша и хаттар Фейсбукехь я «Одноклассники» чохь хIотто а ца хаьа цунна дукха хьолехь оьрсийн маттахь бен, нохчийн маттахь яздеш хIоттийча, карадо гIалаташ хIора а дашехь.

Нохчийн маттерчу гIелонах лаьцна дуьйцу Маршо Радиога виллина ненан меттан гIайгIанашца вехачу поэта Яралиев Юсупа.

Яралиев: «ТIетаьIIина Iомочу метта, вайнаха ца Iамабо мотт. Цу тIехь цхьана а Госдумин бехк бац, вайн вешан бехк хета суна, нохчийн мотт ца Iамон вай духьалдовлар ду иза. Телевиденехь цкъа къамел хилира, нохчийн маттахь хила езара алссам гйотийлаш аьлла. Хила йиш ю уьш, мотт хууш хилча. Телевиденин белхахошна ца хаьа нохчийн мотт.

Нохчийн мотт ца Iамабар, нохчийн гIиллакхаш цадезар... вайн кийрахь цхьа чарх хила еза болхбеш, шен къоман ца хаар эхь лоруш йолу. И чарх йоьхна вайн".

ГIирмина аннекси ярна а, Украина кхидIа а дакъаза яккха ша лелориг а бахьанехь дуьнено хIиттийначу санкцеша Iаткъам беш хиларе терра, Оьрсийчоьно лахъеш ю шен чоьхьара харжаш.

Школашна тIехь а, цигахь меттанаш Iаморна тIехь а хаалуш ду таIзар. Кхечу министраллашкара санна, кхушаренна къастийна хилла ахчанаш итт процентна дIахедор ду Оьрсийчохь дешараллан минисстраллера а.

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG