ТIекхочийла долу линкаш

ФИФА-н куьйгалхой бехкебо коррупци яржорна


Iамеркан Цхьаьнатоьхначу Штатийн лаамца дуьненанюкъарчу футболан ФИФА-юкъараллан куьйгаллехь лаьттинчу нахах ялх стаг лаца кхайкхийна Интерполо: шиъ –штаб-петарахь болхбинарг а, виъ – цхьацца мехкарчу футболан куьйгалхой а. Царна бехкедо футболан куьйгаллехь коррупци яржор. Лаца кхайкхийначаралахь ву ФИФА-н вице-президент Тринидадера Уорнер Джек а, Парагвайра футболан хьаькам Леос Николас а. Важа виъ Аргентинера а, Бразилера а ву.

Интерполо уьш леца кхайкхочу дийнахь ша даржера дIаволу, аьлла, дIахьедина ФИФА-н президента Блаттер Йозефа. КIира хьалха ФИФА-н ворхI куьйгалхо а лецира Швейцарин полицино Iамеркан Штатийн дехарца. Берраш а бехкебо цара коррупци лелорна.

XS
SM
MD
LG