ТIекхочийла долу линкаш

Евкуровна а тайна Ватсапца тIом бар


ГIалгIайчоьнан президент Евкуров Юнусбек

ГIалгIайчоьнан президент Евкуров Юнусбек

ГIалгIайчуьра Оьрсийчоьнан эскаре вахана жима стаг валарх талла а ца толлуш баржийначу хаамо меттигерачу Iедалшка буьрса гIулчаш яхийтина. Низамхошна тIедожийна Интернетехь харц хаамаш баржочу нахана дуьхьала къийсам латтабар.

Цхьа кIира хьалха Интернетехь гIалгIайн юкъахь болчу цхьана тобанехь хаам баьржира, Оьрсийчуьрчу Нижний Новгород гIаларчу цхана тIеман декъехь эскархошна дIовш даийна, царах цхьаъ велла аьлла.

Буьйцурш бара ГIалгIайн махкара салтий. ЧIагIдеш дуьйцуш дара цигахь болчу хIирийн эскархошца дов а даьлла цаьрца летча, вукхара дош делла хилла, шаьш дIадоькхур ду аьлла. И хIума хилла дукха хан ялале, гIалгIайн эскархоша юучу хIуманна тIе гинсу тоьхна хилла аьлла дара, оцу хаамехь дуьйцуш.

И керланиг дукха сиха дIасадаьржира ГIалгIайн махкахула. Юккъараллехь оьгIазе дог-ойланаш яра, дуьххьара дIа меттигерачу Iедалшна дуьхьала, цара оцу хьокъехь таллам хIунда ца бойту бохуш.

Ала догIу, тIеман декъехь гIалгIайн махкара салтий веллачу деношкахь, цигахь белхан визитца хилла Евкуров Юнус-Бек. Сихонца и гIуллакх листича, къаьстина оцу тIеман декъехь гIалгIайн эскархо Оздоев Расул боккъал а велла хилар.

Амма бахьана, цунна цIеххьана минингит олу цамгар а хилла, цуьнах веллийла къаьстина. Иза Маршо Радиога элира гIалгIайн юккъаралхочо Абадиев Мусас.

Абадиев: «Оцу жимачу стеган дакъа цIа деанчу нахаца къамел дина оха. Иза дарбан хIусаме охьавуьллуш а, цунна уллехь хилла болу нах бу уьш. Цара бакъ дац боху дIовш даийна бохург. Минингит Коки хилла цунна. Дагар сов а даьлла, пхенаш лилхина цуьнан. Цуьнца цхьана стоьла тIехь хиина Iийна кегий нах, цуьнан дакъа новкъа доккхуш бар-кх. ДIовш даийна бохург бакъ дац».

Бакъдерг а доцург а ца къастош, дукха меттигаш хуьлу, шайна тIехь цхьанна а тайпа жоьпалла хир дац моьттуш, бух хилар теллина боцу хаамаш дIасабаржош. ГIалгIайн махкарчу Iедалша хIинца болх болийна цунна дуьхьала.

Евкуров Юнус-Бека республикан кхерамазаллийн кхеташоне омра а делла, Нижний Новгородехь эскархо валаран бахьнехь хаам баржийнарг мила ву къастор а, царна низамца догIуш долу таIзар де аьлла.

Махкахь долчу Iедалшна оппозицехь волу Абадиев Муса тIетов, жоьпе озо безаш хиларна, амма и къийсам бIостнехь берза мега Iедалшца бакъдерг къуьйсучарна, элира цо.

Абадиев: «Иштта харцо юьйцуш хилча, Ватсапехула а, Интернетехула а къийсам латтор суна нийса хета. Ша дечунна жоьпалла хила еза. Амма вуьшта бакъдерг дуьйцуш волу стаг, экстремизм артикалца жоьпе озор нийса ца хета суна. Iедална со везна вац цкъа а. Цкъа оцу артикалца тIеозийнера со, амма хIинца шозлагIа а иза дан гIерташ бу уьш, аьлла хабар кхаьчна соьга».

Бакъдерг дийцар гIалгIайн махкахь а дика тIе ца оьцу Iедалша, аьлла хета Абадиев Мусана. Амма Нохчийчохь санна ишттачу нахаца кIоршме ца даьлла уьш, элира цо.

Абадиев: «ГIалгIайн махкхаь бакъдерг олучу стеган цхьана агIора бина а Iаткъам бо хьуна. Я стаг балхара дIавоккху, я цхьана тайпа гIуда тухий а. Нохчийчохь санна, чувуллуш, наркотик кисанна кхуссуш хIума,кхузахь цкъачуьнна дац. Амма, новкъарло ца еш дац кхузахь а».

Хаамийн гIирсашкара бакъдерг хир доцийла хууш, тахана юккъараллехь алсамо тешам бу, Интернетехь язъдечуьнна. Цигахь лоьху дукхачу наха жоп а, некъаш а. Амма, и гIуллакх, муха сацадийр дара, ца хууш ду Iедал.

XS
SM
MD
LG