ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Украинера тIом марсабаларна кхерам бу


Украинан президента Порошенко Петрос бакъдо Украинан малхбалехь тIом юха а марсабаларна кхерам бу бохуш дуьйцург. ХIора шарахь парламенте ша бечу кхайкхамехь цо билгалдаьккхира, Украинан эскарш кийча хила деза Оьрсийчоьнца дозучу мехкан дакъошкахь даймохк ларбан, оьрсийн исс 9000 эскархо ву тахана Украинан лаьтта тIехь, бохура Порошенкос. Украино а, Малхбузено а бехкейо Оьрсийчоь цо гIаттамхошна герз латторна а, царна гIоьнна эскархой хьийсорна а.

Амма Москох къера ца хилла цунна цкъа а. Донбассерчу Марьинка меттигна тIелеттачу сепаратисташа кхаарийн буса вийна пхиъ салти-украинахо, шовзткъа лазийна, президентан Порошенкон хьехамчаш Бирюков Петрос бахарехь. Европан кхерамзаллехула, цхьанаболхбарехула йолчу организацино (ОБСЕ) хаамбо, шен векалшна и тIом хилале Марьинкана гергагIерташ хааелира сепаратисташца цхьаьна иттаннаш танканаш а, кхийолу техника а бохуш. Хиллачу тасадаларехь сепаратистех вийна, церан хьостанаша бахарехь, 14 стаг, иттаннаш бехкина Донецкерчу дарбан цIеношка.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG