ТIекхочийла долу линкаш

Каляпинна Нохчийчоьнан администраци хета хиллачунна бехке


Оьрсийчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министраллана ца хаьа Соьлж-ГIалахь кхаарийдийнахь «Iазапна духьалояран Комитетан» офисна тIелеттарш лохуш бу я бац. И аьлла дIахьедина Москох адамийн бакъонашкахула йолчу президентан кхеташонехь полицин министраллан векала Гайдов Вадима.

Кхеташонехь къамелдеш, «Iазапна духьалояран Комитетан» куьйгалхочо Каляпин Игора хаамбира, гIалахь кегийрхой шайн офис йохош хьийзачу юкъанна шен накъосташа ехха телефон йиттира полице, амма полисхоша шайн йиш яц, болх дукха бу, жоп делира, аьлла. Цо дийцарехь, шаьш динчу зуламан ларш дIаяха а ларабелла тIелеттарш. Москох полицин урхаллана хууш дац, мила, масса стаг лаьцна зулам дарна Соьлж-ГIалахь, аьлла бакъоларъярхойн кхеташонехь Гайдовс. Каляпинна хетарехь, Нохчийчоьнан администраци ю хиллачунна бехке.

XS
SM
MD
LG