ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Иракъерчу машенаш ечу меттигна авиатохар дина


«Исламан Пачхьалкх» олучу тобанийн карарчу Иракъерчу ХIавия гIаларчу машенаш ечу меттигна авиатохар дина Iамеркан Цхьаьнатоьхна Штаташ коьртехь йолчу коалицино кхаарийдийнахь. Иракъерчу буьйранчаша дийцарехь, ракеташ кхетта, лилхина оцу меттехь хьулдина хилла лелха герзаш.

Тохаро дина лелхийтарш хезара шовзткъе итт километар сов юьстах йолчу Киркук-гIалахь а, хаамбо зорбано. Иракъан эпсара ал-Джубури Мохьаммада чIагIдарехь, хIаллакйина «Исламан Пачхьалкх» тобанийн дуккха а танканаш, джипаш, тIемалой.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG