ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Пакистанехь бархI стаг кхелех хьалхаваьлла


Пакистанан официало бечу хаамца, къона бакъоларъярхо Юсуфзай Малалина чевнаш ярна бехкевеш хиллачу итт стагах 8 набахтех хьалхаваьлла. Ши бутт хьалха ХIайбер-Пахтунхва провинцин кхело велла дIаваллалц аьлла маршонах ваьккхинера 10 тIалиб-пакистанхо 2012-чу шарахь Сват кIоштахь йоI лазорна.

Ткъа хIинца билгалдаьлла царех шиъ бен ца хиллий чувоьллина. ПIераскана Лондонехь Пакистанан дипломатин миссин векала Ахьмад Мунира довзийтира и хьал. Коьртана герзаца човйича, ехха дарбан цIийнехь а Iиллина тоеллачу берийн бакъонаш ларъечу Малалина Нобелан машаран преми елира стохка. ХIинца 17 шо ду Юсуфзай Малалин.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG