ТIекхочийла долу линкаш

ГIирма юхаерзорхьама дерриг дийр ду


«ХIора дийнахь а, хIора сахьтехь а Украино дерриг дийр ду ГIирма юхаерзорхьама», - аьлла президента Порошенко Петрос пIераскана Киевехь журналисташца къамелдеш. Дахначу шеран бIаьста ГIирманна анекси ярца доьзна Оьрсийчоьнна кхайкхийначу санкцеша болх бечу юкъанна йиш яц дуьненан Украинехьа болу сингаттам бижон Кремлана шанс яла, бохура Порошенкос.

Оьрсийчоь Украинана тIелата а тарлуш хаьл лаьтта таханенна, дIахьедира цо. 6400 стаг велла Украинехь Оьрсийчоьнехьа болчу сепаратисташа тIемаш болийчхьана.

XS
SM
MD
LG