ТIекхочийла долу линкаш

Мамсуров Таймураз даржах мукъаваьккхина


Къилбаседа ХIирийчоьнан куьйгалхо Мамсуров Таймураз даржах мукъаваьккхина шен омрица Оьрсийчоьнан президента Путин Владимира. Бахьана Мамсуровна куьйгаллехь Iан къастийна хилла хан кхачор ду, боху официало. Цуьнан метта ханна хIоттийна Агузаров Тамерлан.

10 шарахь шозза Iийра Мамсуров Таймураз ХIирийн мехкан куьйгалхочун даржехь. Зорбаннна хетарехь, Мамсуров балхана резавацара Путин. Ткъа Мамсуровс хьалхо дIахьединера, ша дарж дуьтур ду, шозза бен шегахь иза хуьлийла дацарна, аьлла. Амма кхин а кхо бутт бара буьсуш Мамсуровна дарж дуьту хан тIекхача. Гурахь 21-на регионехь тIечIагIбийр бу Путин Владимира меттигерчу парламенташа къастийна куьйгалхой.

XS
SM
MD
LG