ТIекхочийла долу линкаш

ГIалгIайчуьрчу Несар-Коьртан маьждигехь конфликт иккхина


Вийна-лазийна стагга а вац ГIалгIайчуьрчу Несар-Коьртан маьждигехь рузба доьдуш даьллачу девнехь, хаамбина мехкан Кхерамзаллин Кхеташонан векала. Сарралц лаьттира маьждигна эскаро лаьцна го. Тешаша а, зорбано а дийцарехь, маьждиган имаман Чумаков Хьамзатанний, мехкан муфтинний юкъайоьллачу конфликтехь агIончаша герзаш а хилла еарийдийнахь девна юкъадаьхна.

Цкъачунна билггал къаьсташ дац, хьенан бехкенна, хIун къуьйсуш даьлла дов. ГIалгIайчуьрчу Iедалан ницкъаш бу къовсам бижош. Хиллачух лаьцна мехкан куьйгалхочун Евкуров Юнус-Бекан пресс-секретара, шен хьаькам махкахь вац цкъачунна, шегахь яц хиллачух лаьцна информаци, аьлла журналисташка.

XS
SM
MD
LG