ТIекхочийла долу линкаш

Пачхьалкхан экзамен юкъаяьккхичхьана цхьа шо ца догIу Нохчийчохь хийцамаш а ца беш дешархошка и экзамен дIайолуьйтуш. Кхушара къаьсттина ярташкахь луьрчу хьелашкахь дIадоьдуш берийн хаарш зер.

Пачхьалкхан экзамен юкъаяьккхичхьана цхьа шо ца догIу Нохчийчохь хийцамаш а ца беш дешархошка и экзамен дIайолуьйтуш. Кхушара къаьсттина ярташкахь луьрчу хьелашкахь дIадоьдуш берийн хаарш зер. Хасимиков Iусман цхьаьнакхеттера экзаменаш лучу берийн наношца а, оцу берийн хьехархошца а.

Экзамен йолаяла 2 сахьт хьалха, жа санна тIетатталучу полисхоша,машенаш хIиттош а, цхьа бохам иккхича туьйсучу чухнех тера цIен бехчалгаш туьйсуш а дIакъовлуш ду ишколаш хьалхахула чекхдовлу некъаш.

И бахьнехь мел сиха, цаторш гIуллакх хиларх, делкъалтIаьхьа 2-3 сахьт даллалц, го таса дезаш нисло могIарерчу бахархойн. Цу кепара чIагIдинчу хьелашкахь, цхьа кехат чу а, я чуьра а ара а ца доккхуьйтуш, экзаменаш дIалуш ю Теркйист а, Новр а, Щелковск кIошташкахь.

Дукхахболчу хьехархошна а, дай-наношна а хетарехь кхушара вуно дукха хила тарлуш ду экзаменашкахь шианнаш даьхнарш. Цара кхеторехь цкъа ца хиллачу кепара чIагIамаш беш, экзамен дIаяларехь луьра хьелаш кхоллар леррина дина хIума ду. Ишколаш чохь болу экзаменаш тергамехь латто хьовсархой цец а буьйлуш боху СоьлжагIалин кIоштехь ишкол яьккхина волчу цхьана кIентан дас, шайн цIей, фамили бен кхин дош ца яздеш, арабуьйлурш кIезиг бац.

Цо кхеторехь, жоьпаш дала гIерташ, кортош а ца кеггош, арабуьйлурш таро йолчу нехан бераш ду. «Москохара дуьйна охьа, дешаран министаралло пурба а делла, цунна, коррупци яржо, кхаьънаш эцар шордан бина бу и чIагIамаш»,- боху СоьлжагIалин кIоштерчу вахархочо.

Луьрчу хьелашкахь дешархойн хаарш зерах шен хьажам болчех ю Новр кIоштера хьехархо Зулай.

Зулай: « Стохкачул а луьра хир ду экзаменаш дIаяларан хьал бохуш,дийнна шарахь дийцина, дийцина, коррупци эшо бохку, нийсо лело бохку бохуш и хабарш а дуьйцуш, дIаоьцуш долу кхаьънаш совдоху сурт ду схьахIуьттуш дерг. Суна евзаш организатор ю-кх экзаменашкахь. Цо боху: «Ма доккху хIума ду иза, экзаменаш дIалуш болчу I8 дешархойх цхьа йоI яр-кха болх беш, деа сохьтехь цхьа ручка дIа а ца Iуттуш арабевлир-кх дукхахберш».

ТIаккха ойла кхоллало-кх, и экзаменаш йоьхкина ю-кх. Цара и жоьпаш тIеяздина хила еза бланкаш цIена йитна, нийса жоьпаш тIе а яздина, лаккхара баллаш хилийта. Кхайкхош ерг нийсо а йолуш харцонаш, хьарамлонаш ю-кха дийно-дийно дебо.

И экзамен эца некъ карийначун а, ахча долчун деша ваха аьтто хир бу. Хьалха экзамен хуьлура хIун дийца деза а хууш, айхьа дуьйцучуьнан ойла а еш. Ткъа хIинца диъ хаттар хуьлу нийсаниг къастаде аьлла. Цхьа корта хьовзош, воккханиг а вохош хIиттийна ду и хеттарш.

Хьехархой бу бохучаьрга а лартIахь жоп а ца далалуш, чолхе хеттарш долуш ю масала обществоведени предмет. Москвара дуьйна охьа хаа а хууш и экзаменаш юхкуш массанхьа а хуьлчух тера ду. Эцца ХIирийн махкахь, тхан юьртахочо дуьйцу-кх, лакхара баллаш езачара, хIорамма а 40 эзар ахчанаш дIаделла-кх директоршка.

Цара кхачо деззачу дIакхачочух тера ду-кх иза. Цундела церан ишколашкахь экзаменаш дIалучу дийнахь кхузахь санна адам тIе а татталой IалгIож а ца хуьлу,цара тийна-таьIIа шайн гIуллакх до. Нехан садууш, нах чехош полисхой а бац».

ЕГЭ олу Пачхьалкхан цхьа экзамен хьахаеллачу муьлххачу а меттехь могIарерчу бахархоша хадам боллуш чIагIдо, цу экзамено кхиазхой дешарна хербинехь бен тIеберзош бина дика болх цахилар а, маьхькIамхошна кхаьънаш эца таронаш шорйина хилар а.

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG