ТIекхочийла долу линкаш

Массийта шо ду Соьлж-ГIалахь "Йовзаза Нохчийчоь" цIе йолчу Iилманан-талламан экспедицино нохчийн лаьмнашкахь болх бен. Цу юкъахь Iилманчаш а, мохкбезархой а бу.

Цхьана хенахь къоман кхерамазалла а хилла дIахIоьттина лаьттина лаьмнаш, тахана дасалуш ду. Некъ а, дахаран кхиболу аьттонаш а болчу меттигашка гIерта нах. Дукха яьрташ ю, нах махках баьхначуьра юха цIа бирзича, шайн-шайн яьрташка дIабаха бакъо ца елла. Итум-кхелан кIоштехь а, Шаран кIоштехь а, ЧIебарлойн махкахь а, шортта ярташ ю иштта дIатесина йитина.

Вуьшта йовзаза а, талланза а дукха меттигаш ю Нохчийчохь. И болх беш ю «Йовзаза Нохчийчоь» цIе йолу экспедици. Шайна юккъахь, историкаш а, географаш а, кхиболу а говзанчаш болуш. ГIаш уьш лела лаьмнашкахула, могIарера адам кхачалур доцучу меттигашкахула.

Шайна гинарг а, тосаделларг а гIарадоккху цара. Маршо Радиога дийцира оцу экспедицийн декъашхочо Бугаев Максима.

Бугаев: «Таханлерачу дийнахь вайн махкахь шортта схьаэца Iилма ду историкашна а, архитекторашна а. Никара лела дуьйладелира тхо. Цигахь акхарой бен лелаш некъ бацара. ХIинца оцу махкахь баьхначу тIерлоша а, кхечара а тидам а бина цунна, некъ а баьккхина, жим-жима тIебирзина цунна.

Нашха лела дуьйладелира тхо. И меттигаш телехьожийлехь а, радио чохь а хьехо йолийра. Нехан тIе тидам бахара. Телехьожийлехь бIаьвнаш гайтича, цхьа йоккха стаг йоьлхура боху, шен деден хилла бIов ю иза бохуш. Шена, цу чохь ца гинехьара, кхин гур ма яцара иза, бохуш. Суна боккха кхаа бу-кх иза».

Адамийн ког баккхаза меттигаш дукха елахь а, тIом ца кхочуш ца бисна цига. Къаьстина бIоьвнашна динчу зено гойту иза, аьлла дуьйцу Бугаев Максима.

Бугаев: «ТIом кхачанза ца бисина цига. МIаьйстахь бIов ю. ТIеман бIов ю иза. Цу чу тоьхна ракета ю. ХIара тIома-м наха кхаьчна а ца Iаш, вай историна а, къомана хIолламашна а кхаьчна бу. Чутоьхна пенаш галдьахна. Хойхь хилла йолу бIов. Дукха хаза, нисъелла яра иза. Хьалхара тIом болчу хенахь, цхьана Делан мостагIаша бахка а баьхкина чу ракеташ а тоьхна, бух бен ца буьтуш хIаллакх йина. Иза яра хьуна чIогIа дика лаьтташ бIов».

Мохк гIаш лелаш, шаьш толлуш, и меттигаш дуьненан ялсамане ала мегар долу, дIатесина хилар халонга оьцу экспедицийн декъашхошна. Царна дола деш ца хилча, кхин нах хуьлу иза деш, аьлла кхин дIа а дийцира Бугаев Максима.

Бугаев: «Дахаран аьттонашна тIегIерта нах. Оцу ярташкахь хи, серло тIедало аьтто бац. Цундела гIала гIерта нах. Никарахь, шай аьтто болчу хенахь, гуьржийн жаIуй, шайна луучу меттигашкахь схьа а оьхуш, даьхний лелийна. ХIинца а гуьрждийн йозанаш ду цигахь. Иза-м хьалха хилла ду, Совета заманахь. ГаланчIожехь, гIалгIай бу шайн даьхний лелош. Вай Къоьзан Iоман дола даллалц, суьйлий бара цигахь шайн даьхний лелош. Вайн латтанийн а, вай мехкан а вай дола дан деза».

ТIом болчу хенахь ломанца чуетташ а, гIовгIанаш йолуш а, дукха акхарой луларчу мехкашка дIаихнера. ХIинца муха ду хьал? Шу тIеIитталой царна?

Бугаев: «Акхарошца долу хьал, суна схьахетарехь, гонах мел болчу мехкашкара уьш вайна схьаихний-те, аьлла, оцуул дукха ю уьш. ХIоразза, тхо лоаьмнашка дахча, тхуна черчий го, луонаш го, сайнаш а хуьлу. Акха москалаш а, акха гомаш а, адамех кхера а ца кхоьруш ю. Уьш кхоьрур яра, царна толлуш делахьарий. Берзалой а, чагIалкхаш а, къаьстина дукха ю. ГаланчIожехь даьхний лелочу наха дуьйцура, шаьш тIехIоьттина а долуш, шайх оза а ца луш, чано юккъе а иккхина кхо етт цистина, бохуш».

«Йовзаза Нохчийчоь» цIе йолу экспедици цхьана махкахь йоьрзур йолуш а яц. Iалашонехь ду, республикан дозанал арахь, къоман ларраш а лохуш, белхаш дIабахьа. Иштта шаьш бечу белхан жамIаш кестолгIа хаамийн гIирсашкахь а, зорбанехь а гIарадохур долуш ду цара.

XS
SM
MD
LG