ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Украинан цхьа эскархо вийна, 10 лазийна Донбассехь


Дийнахь-буса Украинан цхьа эскархо вийна, 10 лазийна Донбассехь лаьттачу тIемакхийсаршкахь. Эскарийн векала Лысенко Андрейс и терахьаш далош, хаамбира шайна дуьхьаллаьттачу тIемалоша буьйсанашкахь яккхий тоьпаш етта эскарийн агIор, аьлла. Донбассерчу сепаратистийн векалша а до изза аьрзнаш. Цара бахарехь, Украинан эскарша тохарш дина Донецкана.

ПIераскандийнахь Европан кхерамзаллехула а, цхьаьнагIуллакхдарехула а йолчу организацерчу монитораша дIахьедина, Украинан малхбалехь хьал эрчадаьлла, тIемаш бечу шина а агIоно шайн герзаш маьрша нах бехачу меттигашка хIиттадо, аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG