ТIекхочийла долу линкаш

Блэклин Скотт дIавахна Оьрсийчуьра


Нижний Новгородерчу кхело миграцин низам талхорна бекхе а вина, махкара араваккха кхайкхийна Iаьмеркан йохк-эцаран палатин коьртехь лаьттина Блэклин Скотт дIавахна шоьтадийнахь Оьрсийчуьра. Оцу гIаларчу кхелан сацамаш кхочушбаран тергоечу хьукматан векала РИА Новости-агенталле хаийтина Iамеркахо кеманца Финлянде дIахьажийна, аьлла.

Блэклин Ассошиэйтед олучу компанин куьйгалхо волу иза Нижний Новгороде кхайкхина вара цигарчу университето, ша дIахьочу конференцехь дакъалаца. Ткъа ши кIира хьалха оьрсийн дозанийн урхалло лецира бакъо а йоцуш веана махка, аьлла. Цу хенахь дуьйна Оьрсийчоьно лаьцна кхаьбна Блэклин Скотт.

XS
SM
MD
LG