ТIекхочийла долу линкаш

Бутт хан елла Европан кхерамзаллехула а, цхьанагIуллакхдарехула а йолчу организацина Азербайджано


Азербайджано, дуьйцуш бахьана а доцуш, цхьа бутт хан елла Европан кхерамзаллехула а, цхьанагIуллакхдарехула а йолчу организацина шен лаьттатIехь болх а берзийна, махкахъяла. Оцу хьокъехь хьукматан пресс-секретара Шарма Шива Маршо Радионе хаамбира, и дIахьедар шайга дина Азербайджанан Iедало ша Малхбалено а, дуьненаюкъарчу бакъоларъярхойн юкъараллаша а мехкан бахархошкара бакъонаш яхарна бехкеечу юкъанна, аьлла.

Президентан Алиев ИлхIаман Iедало адамийн бакъонаш хьешар гойтуш болхбечех уггаре жигараниг яра кху тIаьххьарчу шерашкахь Европан кхерамзаллехула а, цхьанагIуллакхдарехула а йолу организаци. Цо дуьнене орца а дохуш, гойтура Азербайджанехь зорбанан а, бакъоларъярхойн а маршонаш хьоьшуш хилар.

XS
SM
MD
LG