ТIекхочийла долу линкаш

Каляпин Игорна оьшуш дац пачхьалкхан цIарах юридикан ха


Оьрсийчоьнан президентан цIарах йолчу адамийн бакъоларъярхойн кхеташоно Iедалан низамхошка «Iазапна дуьхьалояр» комитетан куьйгалхочунна Каляпин Игорна пачхьалкхан ха къастор доьхуш кехат дохьуьйтур дац ша цкъачунна, аьлла дIахьедина. Деношкахь «Iазапна дуьхьалояран комитетан» офисна бевзаш боцчу наха Соьлж-ГIалахь тIелетардинчул тIаьхьа Iалашо яра бакъоларъярхойн Iедале и дехар дан. Каляпин Игора, шена оьшуш дац пачхьалкхан цIарах юридикан гIо аьлла дIахьедина.

«Суна ца хаьа муха хуьлу и гIо? Бутт сов хьалха а ягийра Соьлж-ГIалахь "Iазапна дуьхьалояран комитетан» офис, ткъа жоп ца дийхира Iедало цхьаьнгге а, элира Каляпина бакъоларъярхойн кхеташонехь. Ткъа цо бахарехь, цо бен болх бахьанехь кIезиг а ца туьйсу цунна кхерамаш.

XS
SM
MD
LG