ТIекхочийла долу линкаш

Нохчийчохь лелачу харцонна бехке ю ...Маршо Радио

Нохчийчоь -- "Грозный" телеканалан "ГIорторан когаш" ток-шоу, скриншот

Нохчийчоь -- "Грозный" телеканалан "ГIорторан когаш" ток-шоу, скриншот

Дахначу кIиранах «ГIорторан когаш» («Точки опоры») олу ток-шоу дIахьош, Нохчийчуьрчу «Грозный» телевизионан журналисто Маршо Радио хьахийра, цо махкара хиламаш бIостанехьа бовзуьйту, нахана юкъа питана туьйсу, аьлла. Стенца доьзна дара иза?

Закан-Юьртахь дешархочунна полисхоша еттар а, меттигера мехкарий, церан чIенгеш йовлакхашца дIахьерчийна хиларна, кхетош-кхион шаьш болчу бигар а дайдеш, адамийн бакъонаш полицино ца хьоьшу ала, Iедалан хьажам тIечIагIбан лерина яра ток-шоу.

Полицино шайн юьртахь харцо лелор ца лалуш, Закан-Юьртара кегийрхой полицина гобан бахарна а, и санна болчу кхечу хиламашна а тIехьа лаьтта Малхбале, цигара журналисташ, политикаш, бохура тележурналисто.

Нохчийчоьнан администратор Кадыров Рамзан а, мехкан полицин министран гIовс Алуудинов Апти а довдеш ву полисхоша Закан-Юьртахь йиттина юхь-марш йохийначу дешархочунна Астамиров Iадланна, 31Сти2015, "Грозный" телехьожийлера скриншот

​Закан-Юьртахь бахархойн Iедалца иккхина конфликт хаамийн гIирсашлахь дуьненна массарел а хьалха йовзийтарна бехкейора тележурналисто Маршо Радио, цигахь болх бечу нохчашна хIуй а кхайкхош.

Тхо хуьттур дац ток-шоу башхаллица листа. Иза оха дуьту тхаьшка ладугIучарна а, тхайн сайт йоьшучарна а. Махкарчу журналистикерчу а, адамийн бакъонаш ларъечаьргарчу а хьолах лаьцна тхаьш хIинцца дийцина хиларе терра.

Ток-шоу YouTube а йиллина «Грозный» телевизионо. ХIара ю иза.

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG