ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Дозанал арабовлу паспорташ доьхурш бу луьттуш


Дозанал арабовла полицига паспорташ дехна нах зуьйш бу Нохчийчохь. 30 шо кхаччалц волчунна хIинцачул тIаьхьа хала хир ду и паспорт даккха. Полицин векалша дийцарехь, кегийнах Шема ца бахийтархьама чIагIъеш ю паспортан раж.

Цхьацца хьостанийн терахьаша дийцарехь, бIеннашкахь кавказхой бу «Исламан Пачхьалкх» олучу тIеман тобанийн могIаршкахь Шемахь а, Иракъехь а. Паспорт далале хьалха кегийнехан гергарчаьрга хоьтту нохчийн полицино церан берех дерг, уьш дай-наношна хууш бовлийла дозанал ара. Паспорт схьаэцале муьлхачу махка воьду, хьун бахьанийца эшна паспорт хаийта деза иза доьхучо.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG