ТIекхочийла долу линкаш

"Паччахь" волчу махкахь лай а хуьлу


Нохчийчоь -- Толаман Дийнахь, Соьлж-ГIала, 9Сти2015

Нохчийчоь -- Толаман Дийнахь, Соьлж-ГIала, 9Сти2015

...Шен оьмарехь цкъа а элий я паччахьаш хилла боцчу нохчаша, церан цхьана декъо, доггах йоккху Кремло махках доладан тIевиллинчу администраторх Кадыров Рамзанах «паччахь» цIе. Оцу цIарца эшарш лоькхуш яьхна шайна машенаш дуккхаъчу иллиалархоша.

Цхьа зама хьалха, аьлча а, иза дуьххьара дарже хIуттучу деношкахь Кадыров Рамзане цуьнан Гуьмсерчу резиденцехь интервью ийцира Маршо Радионо. Соьлж-ГIалахь ког баькх-баьккхинчохь хьан ден а, хьан а суьрташ ду дIадиттина, хьан цIе ца хьахош ца доладо хьаькамаша цхьа а гIуллакх, хьайн гоно хьо тIех сов вазвеш ца хаало хьуна, аьлла хаьттира оха. Иштта дара хIетахь, 2007-чу шарахь, Кадыровс делла жоп.

Цхьана а пачхьалкхах бозуш а боцуш, адам, дийнат, жил-Iалам дуьззина шен а долуш, и берриг а бахам, къанвелча дас воIе дIа а луш, доладечу мехкан дех олуш хилла паччахь. Оха интервью эцначул тIаьхьа дIадахначу 8 шера чохь чIагIъелла Кадыров Рамзанна тIехь «паччахь» цIе.

Ткъа пачхьалкхехь цхьаъ бен воцчу президентан куьйгакIел а Iаш, бIе гергга регионашлахь йолчу цхьаннах бен жоп луш а воцчу администраторх бохийла дац «паччахь». Беламе хуьлу, масала, Тамбов кIоштан паччахь цигарчу губернаторх аьлча!

Оцу хьокъехь кхетамбалар дийхира Маршо Радионо историн Iилманан докторе, Парижехь вехачу Вачагаев Майрбеке. Цунна иштта го.


Пачхьалкхалла халкъан долахь а ю, Iедална некъаш къасториг халкъ а ду, аьлла ю Оьрсийчоьнан конституци. Цуьнга хьажжина болхбеш а, къахьоьгуш а хила догIу халкъан маршонашна тIехь бIаьрг латтабе йозуш йоцу институташ а – зорбан гIирсаш, бакъоларъярхойн юкъараллаш, масала.

Нохчийчохь тIаьххьарчу кIиранашкахь леллачу хиламаша гарабаьхна политикийн, кхечу тергамчийн оцу махкахь маршонаш леларе, юстаре болу хьежамаш.

Закан-Юьртахь полисхоша меттигерчу школехь экзамен юьдучу юкъанна цхьана дешархочунна бина тIеIаткъам, оццу юьртахь сацийна низамхоша кхо йоI, церан чIенганаш къевлина ю аьлла, кхетош-кхион йигар, и гIелонаш ца лайна цул тIаьхьа полицин хIусамаш бIеннаш наха гоне лацар шина хотIехь го махкарчу Iедалний, арахьарчу газеташний, бакъоларъярхошний.

Бозуш боцчу оьрсийн журналисташий, махкал арахьарчу бакъоларъярхоший Нохчийчохь шайна диктатура лелаш хиларан битамаш го бохуш яздо, дуьйцу.

Ткъа Нохчийчоьнан хьаьмаша кеп-кепарчу хьукматашкара, къошташкара Iедалнан ницкъашца евллачу конфликташна юкъатарбелла нах телевизионашкахула халкъана хьалха а хIиттош, я яхь йоху церан, полисхой кIинойх цIанбойтуш, я шайгга харцдойту шайца мел лелларг а, хилларг а.

Малхбале а, Малхбузе а, цигара политикаш, журналисташ, бакъоларъярхой бехкебо кху деношкахь Соьлж-ГIаларчу хьаькамаша цара шайн мохк юха а тIемашка ийзабо, питанаш туьйсу бохуш.

Тамаше делахь а, оцу къамелашна тIе а товш, шайггара кеп-кепара прокламацеш яржайо Нохчийчуьрчу цхьаболчу бакъоларъярхоша а, Оьрсийчоьнан президентан цIарх адамийн бакъонийн тергоечу Нухажиев Нурдин хьукмато а тIехь. Оццу маьIнехь ю кху кIиранах еш йолу телеэфираш а.

Маршо Радио а хьекхойолийна шайн дегабаамечу эфирашна юкъа меттигерчу телевизионаша. Иза бехкейира деношкахь «Грозный» канало Закан-Юьртахь полисхоша йиттинчу кIантана массо а хаамийн гIирсел хьалха орцахъелира, аьлла.

Махкахь бахархой маршонаш Iедало хьоьшуш хилар, низамхойн кара нехан дерриг а дахар дIаделла хилар Маршо Радионе далхадо цигарчу дуккхаъчара. Дукха хьолехь уьш бакъ хиларе терра, тхан йиш ца хуьлу тхаьшца къамелаш дечийн цIерш йовзийта – шена дош аьллачунна хьанна а, цхьа а низам а ца тергалдеш, гIелойо Iедалхоша.

Цундела цIе ца йоккху оха махкара хьал далхочу кху Соьлж-ГIалахь ехачу зудчун а. Халахета, кханене цхьа а дегайовхо а йоцуш, цо къа-бала балхош.


Махкарчу хьакамашна тIаьххье, къоман могIархойн декъо а республикан куьйгалхочух «паччахь» бахар дуй-те диктатурин куьйгаш достург, мехкан администратора, цуьнан гоно халкъана тIехь мел йоккха харцо лелийча а, нийсоян я Кремлера а, я махкал арахьарчу кхечу хьукматашкара а нахана гIо ца кхачар?

Нохчаша сатуьйсу шайн дахар паргIатонийн хорша а дирзина, бахам лаха а, къоман кхане диканца йилла а шайга аьттонаш кхачийтаре. Иза хеза царна кест-кеста махкарчу Iедало мархйохучу массо а социалан машанашкахь, телефонан къамелашкахь, шаьш-шайца къайлаха къамелаш дечохь а.

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG