ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Мехкарий бу "Исламан Пачхьалкх" боламо бухкуш


«Исламан Пачхьалкх» олучу тобанерчу тIемалоша 5000 герга къона зудабераш лолле а лецна, хьийзош ду Иракъехь а , Шемахь а, аьлла, хаам баржийра бIаьста оцу шина а махкахь талламаш бинчу Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн организацин адамна ницкъбаран проблемийн тергояран хьукматан куьйгалхочо Бангура Зайнаба. Шинарийдийнахь цо дIахьедина, тIемалоша шаьш Шемахь, Иракъехь лецна зудабераш базарахь сигаретийн баттах хуьйцу, аьлла.

Иштта лецна мехкарий а боькъуш, тIеийзабо шайна керла бIаьхой дуьненан массо а маьIIера «Исламан Пачхьалкх» олучу тобано, бохура Байгура Зейнаба. Цо дийцарехь, керла меттиг дIа моссаза лоцу тIемалоша дIалехьабо цигара мехкарий, йоI юхку массех бIе долларх.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG