ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кремл, Малхбузе гена ю вовшех кхета


Оьрсийчоь
Оьрсийчоь

Оьрсийчоьнан, Малбузенан юкъаметтиг толучу метта, кхин а шеллур ю, чIагIдо шайн рапортехь Британерчу дуьненаюкъарчу юккъаметтигийн институтан тергамчаша. The Russian Challenge цIе йолчу шайн балха тIехь цара Оьрсийчоьнах схьаболучу кхераман барам Малхбузенна хIинца а кхеташ бац бохуш яздо.

Еарийдийнахь зорбане даьккхина долу The Russian Challenge цIе йолу рапорт Британерчу элан цIийнан дуьненаюкъарчу юкъаметтигийн институтан Iилман белхахоша кечдина ду. 72 агIонах лаьтташ долчу цу аналистийн йозанашкахь вайн заманахьлерчу йоккхачу политикан коьрта гIайгIанаш а, коьрта кхерамаш а Оьрсийчоьнца бузуш билгалбаьхна бу. Уггаре хьалха Малхбузенан, Оьрсийчоьнан юкхаметтигийн чолхалла а, тIеойгIучу хенахь цу юкъаметтигашкахь хила тарлуш долу голатохарш а толлу аналисташа шайн балха чохь.

Цара бинчу тергамца, Малхбузено карарчу хенахь кхоччуш тидам тIе болхуьйтуш бац Оьрсийчоьнера болчу кхерамах. И бахьана долуш баьлла болу рапортан авторша Украинехь боьдуш болу тIом.

„2003-гIа шо кхаччалца Малхбузехь хетара, Оьрсийчоь хийца а елла, могуш а, кнструктиве а йолу дуьненан юкъараллин декъашхо а хилла дIахIуттур ю. Амма жим-жима гуш хилира, Москох карарчу хенахь ша дIахьочу политикан некъах хада дагахь йоцийла. Цунха Малхбузенан я партнер а, я агIонча а хир йоцийла а. Малхбузенний, Оьрсийчоьнний юккъерчу башхаллаша цхьа а кепара юкъара интересаш цу шинна юккъехь хилар аьтте а ца дуьтийла“, - аьлла яздина ду рапортехь. Иштта авторша билгалдоккху, Оьрсийчохь IаьIаш йолчу пачхьалкхан чоьхьарчу проблемаша а Европера кхерамазалла экамчу хьоле хIоттош хилар.

Лондонерчу дуьненаюкъарчу юкъаметтигийн институтан аналисташа иштта чIагIдо, Малхбузерчу куьйгалхоша Оьрсийчоьнна шаьш беш болу тIеIаткъам кхин а лакхабаккха беза бохуш, Кремле шена луларчу пачхьалкхашна кхерамаш ца тиссийта а, цуьнга царна гIело ца яйта а. Европера кхерамазалла лакхаяккхар Евробертан куьйгалхойн коьртачу Iалашонех цхьаъ хилла дIахIотта еза, аналисташна хетарехь, ткха цу кхерамазалин коьрта бIогIа хила беза пачхьалкхийн суверинитет а, территорин йозуш йоцуш хилар а, ткъа иштта хIора а пачхьалкъан шен некъ ша харжа бакъо хилар а.

Цу Iалашоне кхачархьама, амма, Малхбузерчу куьйгалхоша Оьрсийчоьнна гайта деза, шена луучу цхьана пачхьалкхахь тIом бан Кремлан могуьйтур доцийла а, рапортан авторша ма-аллара, цуо бечу “гибридан“ тIемашна НАТО тIеман альянсо д дера жоп лур дойла а. Иштта Оьрсийчоьнна гайта деза, цуьнан шена гIийла хетачу мехкашна тIелата бакъо йоцийла а, цуо иза дахь, Къилбаседа Атлантикан альянсо цунна дуьхьало йийр юйла а.

ТIаьхьарчу шерашкахь Оьрсийчоьнан, Малхбузенан юкъаметтигаш толлуш зорбане даьхначех уггаре а шогаха Кремлан леламашна критика еш долу йоза ду и рапорт. Политикан корректаллий а, дипломатийн моттий йистха а битина, цуьнан авторша хьул ца деш, кхайкхам беш бу Малхбузенан куьйгалхошка, Оьрсийчоьнца йолу юкъаметтигаш листаре а, цу юкъаметтигийн керла юкъара стратеги кхолларе а.

Зорбане яьлла масех сахьт а далале вуно шуьйра Малхбузехь а, Оьрсийчохь а йийцаре яккхинчу рапортан чулацамах цецвала меттиг ца бисина аьлла хеташ ву Малхбалерчу Европин институтан Iилман белхахо, политолог Чапханов Руслан. Цуна хетарехь, Евробертан куьйгаллина тоххарехь кхеташ ду, Оьрсийчоьнца йолу юкъаметтигаш хьалха хиллачу кепара лелон гIортарх, цунах гIуллакх хир доцийла а, и юкъаметигаш юхалистар шена тIедоьжнийла а.

Чапханов: „Керла дац цара бохуш дерг. Хьалхара а, шозлагIа а Минскехь хилла болу барташ дохадахь, Оьрсийчоьнна дуьхьал кхин а керла санкцеш йохур ю бохург хьалхехь дуьйна дуьйцуш дара Малхбузехь. Вайна ма-гарра, Донбассехь долу хьал чолхе далар бен, толур дац. Цундела Оьрсийчоьнца йолу юкъаметтигаш кхин а шога йолуш дIагIур ю“.

Рапортан авторша кхин дIа яздо Кремло шен бакъйолу Iалашонаш хьалха а хьулйеш яцара, амма Малхбузено ша цунах ца кхета кеп лелайора, бохуш. „Оьрсийчоьно I0 шо хьалха дуьйна къедош дара, шен амбицех а, Iалашонех а дег, амма хIетахь Малхбузенна аьхна хетара, шена иза ца гуш санна Iер а, Оьрсийчоь либерала-демократин некъа тIехь кхуьуш йогIуш ю бохучу фантазех Iехаялар а. Украинера тIом – иза цу кепарчу Малхбузени и Оьрсийчура сигналаш тергал ца яран жамI ду“, - бохуш яздо цара.

Иштта цара билгалдоккху, Оьрсийчоьно шен интересаш Европин мехаллашца а, цхьаьнаболхбарах болчу кхетамашца а ца догIучу кепара яржош а, ларйеш а хилар. Цу хIуманна Европано дуьхьало ян езаш хилар а яздо цара. Малхбузенан я лаам а бац, я таронаши а яц, Оьрсийчуьра редим хийца гIорта, амма Путинан система карчаран а, йохаран а тIаьхьалонаш муха хир ю бохучух кхеташ хила еза Малхбузе, рапортехь чIагIдарехь.

Цундела, Евробертан куьйгалло керла некъаш билгалдаха деза, массо а Малхбузерчу пачхьалкхаша Оьрсийчоьнца йолчу юкъаметтигийн цхьа стратеги а кхоьллина, шаьш цуьнца лелон дезарг, аьлла тешна бу рапортан авторш. Коьртаниг кху муьрехь, царна хетарехь, – Оьрсийчоьнна дуьхьал яьхна йолу санкцеш мал ца яр, уьш мелхо а кхин а шога яхар а ду.

XS
SM
MD
LG