ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Экзаменах экзекуци йина


Нохчийчоь --Экзамен йоьдучу хенахь, 2015
Нохчийчоь --Экзамен йоьдучу хенахь, 2015

Нохчийн бераша луьрачу хьелашкахь, полици тIехь а лаьтташ, дIаеллачу Пачхьалкхан юкъарчу экзаменан жамIаш дац къам доккхадийр долучех – ледара ду уьш. Цуьнан бахьанех лаьцна шайна хетарг дийцира хьехархоша.

ЕГЭ олучу экзаменех дукхахъерш дIаевлла ишколашкахь. ХIинцца хаа доладелла цхьайолчийн жамIаш. Уьш хIумма а хьааме хуьлчух тера а дац схьагучу суьртехь.

Хьехархоша а, дай-наноша а даре а деш, вуно ледара гайтам бу 9-чу классан дешархоша дIаеллачу математика экзаменан масала. Вуьшта аьлча бIеннах иза дуьххьала дIалуш ларавелларг нисса ах бен вац.

Дийцарехь ледара гайтам бу ишколера бовлуш болчу мехкарийн а, кIентийн а «Оьрсийн мотт» экзаменан хаарш зерехь а. Цу хьокъехь, экзаменаш дIаяларан жамIех а, уьш дIалуш кхиазхошна бечу ницкъах а дуьйцуш бу Теркйист кIоштера хьехархой Тоийта а, Зарган а. Вуно вон дIаелла математика боху Заргана.

Зарган: «Хьалхарчу математика экзаменан жамIаш 9-чу классехь чIогIа ледара ду. Уггаре дика еллачохь 50% дIаелла. Тхан ишколера 31 дешархочух 16 шианнаш даьхна. Ах сов дIа ца елла бу-кх уьш. 32-х веаммо а, иссаммо а дIаелла меттиг а ю, 67 иттанно дIа ца елла масал а ду. ЖамIаш ледара ду».

Ахь стенца дузу сел ледара жамIаш хилар хаьттича ишколехь ткъа шарахь болх еш йолчу Тоийтас элира:

Тоийта: «Ас стенца дузу аьлча, бер чудуьгуш цара кхерийна, Iадийна шайна хуург дицдина хила а тарло, беро цхьана хIумане сатуьйсуш ледара Iамийна хила а тарло. Цу юкъадоьдуш дукха хIумнаш ду. Оцу кевне а хIиттина цара, низамхоша хьоькху маьхьарий а тоьур ду кхин хIумма а ца хилча а. Берана инзаре ма хета, уьш кхера ма ло. Ишколашкахь и хьал хIоттийнарш буй, цаьрга ялийта езар и экзамен. Цара и муха ло хуур дар-кх».

Шианнаш даьхначарна юкъахь дика доьшуш чекхбевлларш а бу боху Заргана. Уьш ларацабалар цо дузу берашна бечу харц тIеIаткъамца. ЕГЭ экзамен боху цо, таро йолчу нехан берийн аьтто беш зераш ду.

Зарган: «Дика доьшуш схьабаьхкинарш а бу шианнаш даьхначарна юкъахь. Царна хIумма а ца хаьа ала йиш яц. Уьш бохийна хилла. Берийн къа ду-кх. Хьаькамийн доьзалш чекхбевр бу мичча Iуьргахула бевлла а. Царна некъаш долуш ду, мисканаш бу-кх юха охьатеIош».

Кхузахь набахтехь санна чIагIдина хьелаш стенна ду те аьлла хаттар делча Тоийтас элира:

Тоийта: « Валлай хаац! Бераша аттестат схьа ца эцча церан хIун хьаладолу суна-м ца хаьа. Беран хила ма хуьллу говза, цхьанхьа ца хилча, кхечанхьа. Математика, масала дика ца хаарх, кхечу хIуманна тIехь шена Дала деллачу рицкъанна тIехь нис а лой дIа ма доьду бер. Оцу ишколехь луш долу кехат оццул халонга а ца доккхуш берана кехат дIадала дезар-кх соьга хаьттича. 11 –чу классан дешархоша «Оьрсийн мотт» экзамен а ледара дIаеллачух тера ду. Iадийна, кхерийна самалделла, охьаэгна бераш а ду…

Маршо Радио: Цхьа синкъерам санна белабелла,бекхабелла бист а хуьлуш, дIаялийта мегаш ца хилла те и экзамен?

Тоийта: «ХIан – хIан, мегаш дац. Бегашена хьо хьалатаьIча а, куьг охьа-хьала дахийтича а, сан-сайн йоIа боху-кх, охьа охьа стенна таьIира, хьала стенна таьIира бохуш, хьийзина бераш чу а лелхаш. Цу чохь дийриг а ца тоьуш, дIо кевнехь хьокху маьхьарий-м тоьур ду».

Пачхьалкхан цхьа экзаменах могIарерчу нахалахь баккхийбеш берш бан а бац. Уьш дIалуш Нохчийчохь ишколашкахь кхоьллинчу хьелаша вуно чIогIа зен до дешархошна бохуш дуьйцу Новр кIоштерчу Мусас.

ЕГЭ Пачхьалкхан экзамен дIаяларехь цхьа могIа кхачамбацарш дагардийраш а, и юкъаяккхар боккха эшам лоруш берш а дукха бу, амма кху ворхI-бархI шарахь, дикачу агIор хийцаме долуш кIадда а дац бахархошна хетарехь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG