ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

500 тIеман инструктор Иракъе хьажо лерина Вашингтон


500 гергга тIеман инструктор Иракъе хьажо лерина ю Вашингтон, «Исламан Пачхьалкх» тобанашна массех гIала тIаьххьарчу муьрехь дIа а луш эшна долу цигара Iедалан эскарш тIамна кечдеш. Шинарийдийнахь и хаамбина зорбане Iамеркан администрацин векалша. И сацам кхиина Пентагоно Иракъера а, Шемара хьал зийча – гуш ду меттигера Iедалан ницкъаш ледара хилар, тIом бан царна хууш дацар. Пентагонан талламашца кхиинчу КIайчу ЦIийнан сацамо билгалдоккху доккхачу декъанна суннатойх лаьттачу «Исламан Пачхьалкх» тобанашна дуьхьал тIом бан Демаьшкехахь а, БагIдадехьа а болу суннатой а Iамо безаш хилар. Карарчу ханна 3000 Iамеркан тIеман хьехамча ву Иракъехь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG