ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Исламан Пачхьалкх" схьакхачаре хьоьжу тхо!"


"Исламан Пачхьалкх" кхуза кхачаре хьоьжу тхо", аьлла ду Соьлж-ГIалахь даьккхина сурт
"Исламан Пачхьалкх" кхуза кхачаре хьоьжу тхо", аьлла ду Соьлж-ГIалахь даьккхина сурт

«Исламан Пачхьалкх», оха ларйо хьо тхаьш долчохь!» «Ал-БагIдади Абу-Бакър, хьан деза эскарш чукхачаре сатуьйсу кху гIалано!» Иштта ду «Исламан Пачхьалкх» тобан баьччане дахьийтина кехат.

И санна кхин цхьа сурт а ду даржош, шахьаран муьлхачу меттехь даьккхина хууш а доцуш. «АллахIах дуй буу оха тхаьш шуьга сатуьйсуш Iа аьлла!» - ду оцу шолгIачу суьрта тIехь.

Ал-БагIдади Абу-Бакъра кхайкхам бешнийла хууш дац. Ткъа Шемарчу а, Иракъерчу а нохчийн тIемалошка иза дIакхаьчна.

«Вконтакте» машанехь кхо-диъ де хьалха шайн «Кибер жихIад» аьлла йолчу агIонтIе хIиттийна суьрташ цигарчу жихIадхоша. Жоп а яздина: «Собаре хилалаш, тхан йижарий, вежарий! ИншаллахI, гена дац Исламан байракх ЖовхIар-ГIалахь дIайогIа, хIора урамехь дIахIоттор ду ШарI».

I997 чу шарахь Соьлж-ГIалин цIе хуьйцуш тиллина «ЖовхIар-ГIала» тахана а ю цхьайолчу гIаттамхойн тобанаша йоккхуш, «Кавказ Имарато» а цхьаьна.

Яздинчу жоьпехь жихIадхоша кхерамаш туьйсу Кадыров Рамзанна герга болчу нахана а. Бусулба шайн йижаршна тIе куьйгаш кхехьна, хьиджабаш ма йоха бохуш, шайн вежаршка мажош йошур ю баьхначу Iедалхошна шаьш таIзар дийр ду боху.

"Исламан Пачхьалкхан" бIаьхой, оха сатуьйсу шуьга!" - суьрта тIера йоза
"Исламан Пачхьалкхан" бIаьхой, оха сатуьйсу шуьга!" - суьрта тIера йоза

Шемарчу а, Иракъерчу а жихIадхоша туьйсу кхерамаш

Нохчийчохь хийцамаш хиларан билгалонца бузу дуккхаъчу зорбанан хьостанаша.

Йозанаша гайтарехь, Нохчийчуьра Шема дIабахначу гIаттамхойх дукхахболчеран уьйр яц Кавказехь бухабисинчу шайн накъосташца, уьш декъахь бац Кадыровн Рамзанан Iедал дожочу къийсаман.

Цул совнаха, церан Iалашонехь ду, хенан йохаллла Кавказе а кхаьчна, цигара Iедал а дохийна, мехкаш шайн куьйгакIел лаца а, цигахь бусалба дин шайна ма-хетта чIагIдан а.

Соьлж-ГIалахь даьккхина даржийна сурт
Соьлж-ГIалахь даьккхина даржийна сурт

Кадыров Рамзана цкъачунна жоп ца делла суьрташца «Исламан пачхьалкх» тобанерчу нохчаша яздечунна дуьхьал. Амма ши кIира хьалха низамхой а гулбина, цо дIахьедира, Оьрсийчоь джихIадхошкара болучу кхерама кIел лаьтта, церан могIарш цIера дIаоьхучу кегийрхойх бузуш а бу, аьлла.

Хьалхо оццу хьокъехь къамелаш деш Кадыровс Европера нохчий бу Шема а, Иракъе а баханарш, олий, дайдой дуьтура.

Иштта бу Маршо Радион публициста Паращук Джоанас язйинчу артиклан чулацам.

XS
SM
MD
LG