ТIекхочийла долу линкаш

ТIемакхийсарш ца совцу Донбассехь


Дийнахь-буса Украинан ши эскархо вийна, 13-нна чевнаш йина Донбассехь, элира Киевехь бриффингехь президентан Порошенко Петрон администрацин векала Лысенко Андрейс.

Украинан тIеман министралло бечу хаамца, сепаратисташа еарийбуса 35-за бохийна герзаш совцон бина барт – Донецкан а, Луганскан а къошташкахь кхийсина яккхий тоьпаш а, минанийн герзаш а.

Ткъа сепаратистийн гонаша бечу хаамца, тийналла Украинан эскарша пхоьазза талхийна.

Еарийдийнахь Донецкан кIоштан губернатор Кихтенко Александр даржера дIаваьккхина Порошенко Петрос аьлла даржийна президентан администрацино. Иза бехкевина «Донецкан Республика» олучу гонаца уьйрашкахь хиларна.

XS
SM
MD
LG