ТIекхочийла долу линкаш

Оьрсийчоьнна рогIера санкцеш кхайкхо мега


Минскехь Украинах тIеэцна барт Кремл кхочушбечу новкъа ца ялахь, Донбассера тIеман эскалаци цо ца йитахь, Iамерка а, G7 тобанера важа пачхьалкхаш а кийча ю Оьрсийчуьрчу компанешна а, цхьаболчу бахархошна а дуьхьал ондда хаалур йолу керла санкцеш арахеца, элира Iамеркан Цхьанатоьхначу Штатийн вице-президента Байден Джос Украинан премьер-министрца Яценюк Арсенийца Вашингтонехь цхьаьнакхетар дирзича кхаарийдийнахь.

Оьрсийчоьно юха-юха а чIагIдо, Украинехь шен эскарш дацарх лоций, ткъа Киево дуьненна кхийдадо керла-керла тоьшаллаш.

XS
SM
MD
LG