ТIекхочийла долу линкаш

"Исламан Пачхьалкх" боламах Эбботна хетарг


Австралин премьер-министра Эббот Тоннис Азин-Тийначу ХIордан регионера халкъаш кхайкхина шайн кхерамзаллин дуьхьа «Исламан Пачхьалкхна» дуьхьалояре.

Еарийдийнахь Сиднейхь терроран пропагандана духьалояран конференцехь цо элира, «глобалан амбицеш а йолуш, Iожаллах дозалла ден» тоба ю «Исламан Пачхьалкх». Цуьнца къийса догIу, ткъа «шу иза дийцаре а деш IадIа», бохура Эббота 25 мехкан дипломаташна а, Гуглан, Фейсбукан, Твиттеран, кхечу социалан машанийн куьйгалхошна а хьалха.

Австралин 100 векал ву Шемарчу а, Иракъерчу а жихIадхошца къийсалуш, хаамбира премьер-министра.

XS
SM
MD
LG