ТIекхочийла долу линкаш

Буденовскехь хилла - ца хилла ца дуьйцуш...


Нохчийчоь --полисхой, 2015

Нохчийчоь --полисхой, 2015

Нохчийчу а баьхкина, луларчу Ставропол-махкарчу низамхоша рогIера лерина операци дIаяьхьна Нохчийчохь - лаьцна, дIавигина Гуьмсера вахархо. Иза бехкево Iедало 20 шо хьалха Буденновскна тIелеттачу тобанехь хилла хиларна. Амма иза бакъдац боху нохчийн бакъоларъярхоша.

ХIинцца доцург гIардаьккхина а доцуш, кху беттан шолгIачу дийнахь балха воьдуш Белялов Рамзан цIе йолу вахархо лаьцна Гуьмсехь Ставропол кIоштара баьхкинчу талламан комитетан декъашхоша.

Официалан Iорадаккхарца еххачу хенахь Iедалан кара ца ваха лечкъаш лелла ,ницкъалчу зуламашна куьг бехке лоруш волу Белялов. Ткъа цунна бехке дуьллург ду хIинцачул 20 шо хьалха Басаев Шемал коьртехь хиллачу тобанна юкъахь Ставропол мехкан Буденовск гIалина тIелатар дар, 129 стаг вен а вуьйш, 300 сов лаза а веш, 1600 гергга закъалтана а лоцуш.

1995-чу шарахь сел эвхьаза, зевне дина и тIелатар бахьнехь, и гIуллакх зуьйш болчу талламхоша чIагIдарца, хIетахь бIеннашкахь кега-мерса зенаш деш дохийна нехан цIенош а, Iедалан гIишлош а.

Басаев Шемалан куьйгакIел хиллачу 160 тIемалочух, байина дIабаьхнарш боцурш, вериге а лехаме велларг хилла 26 стаг боху талламхойн хьостано. Царех ву, дийцарехь, Гуьмсехь лаьцна Белялов Рамзан.

Ялх бутт хьалха чекхдаьллачу шеран ГIуран - баттахь ,Волгоградан кIоштехь гучуваьлла лаьцна, Буденовск гIалахь талор динчу тобанан декъашхо Маздаев Мохьмад а. Карарчу хенахь Iедал шайна тIаьхьа ца кхуьуьйтуш лечкъаш леларг 23 стаг ву боху талламан комитетан хьостано.

Ставропол кIоштан Буденовск гIалина дера тIелатар динарш лахар а, лецар а хьокъехь дIахьедар дина Оьрсийчоьнан Талламан комитетан векало Маркин Владимира.

«Талламан комитетан говзанчаша боккха болх бина тоьшаллаш гулдеш,- боху Маркина шайн урхаллин сайтехь.- Цкъа билгалбоху куьг бехкенаш, цул тIаьхьа къастайо уьш болу меттиг.

ТIаккха юх-юха а барт-хаттамаш дIахьош карладоккху хилларг ма-дарра. Церан мотт –эшарца билгалйоху оцу тобанна юкъахь хиллачу кхечу зуламхойн цIерш». Ишта дIахьедар хааме даьккхина Маркина Владимира.

Цо дийцарехь, цуьрриг а низам ца талхош, нийса лаьцна Белялов Рамзан. Бакъду, цо бохург шеконе а дуьллуш, «стаг лачкъорах тера» иза дIавигна хилар чIагIдо бакъонашларьярхочо Нухажиев Нурдис.

Цунна хетарехь, тIеман барзакъ а дуьйхина 6 машенахь и дIавига баьхкинчара, гергарчаьрга и лацар хьокъехь а, и вигна меттиг ца хоуьйтуш а низам талхийна. Цул сов Нухажиев Нурди коьртехь волчу бакъонашларьечу урхаллин сайтехь гIарадаьккхина Буденовск гIалина тIелатар динчу муьрехь Белялов Рамзан Башкирехь, Хайбуллин кIоштан Воздвиженски юьртахь йолах болх беш хилар.

Цу тIе Нухажиевс зорбане даккхарца Белялов юкъахь волчу белхалоша хьанала хьоьгучу къинах, суьрташ а тIе а тухуш дийцина цигарчу кIоштан газето а. И а, кхин а бакъдерш тергамза дитина талламхоша Нухажиевна хетарехь.

Оцу хьокъехь цо кехат яздина инарла прокуроран гIовсе Сыдорук Иване.

Нухажиевс хааме даьккхинчух ша аьлча, цхьаболчу тергамхоша, шех тераниг кхин хуьлийла а доцуш тамаше бакъонашларьярхо лору иза: кху чохь йолчу структурех хьакхалуш хIума а доцуш, Москва биста кхаччалц, арахьарчех дозуш хIума хилча, мохь-цIогIа детташ, кхузахь бакъонаш талхийна бохуш орца а дохуш, ткъа кху чохь болчу низамхойн карах цхьаъ нисделча , «тап» олий, дIа а туьйш.

XS
SM
MD
LG