ТIекхочийла долу линкаш

Милашина Еленина кхерамаш туьйсу


«Новая Газетан» редакцино Оьрсийчоьнан президентан администрацига а, къепе ларъечу урхаллашка а дехна «Iаьмеркан Штаташка гIаш лела» цIе йолчу артиклехь «Грозный-информ» агенталло журналистна Милашина Еленина кхерамаш туьйсуш хиларна шайн тидам тIеберзор.

Милашинина гонах кхерам латтам таллар дехна Кремле дуьненаюкъарчу бакъоларъяран Human Rights Watch хьукмато а.

«Грозный-информ» агенталлан директоран гIовсо, журналиста Вараев Мовсара Милашина Елена ен а сахьт дац аьлла яздинера шен артикл тIехь. Милашина Нохчийчоьнан администрацино бехкейо цо Нажи-Юьртарчу полицин хьаькамо къона зуда шен ялош харцонаш лелийна аьлла «Новая Газетехь» яздарна.

XS
SM
MD
LG