ТIекхочийла долу линкаш

Нохчашна кхоалгIа тIом иштта а бу лаьтташ – Иракъехь а, Шемахь а...


"Исламан пачхьалкх" шайх олучу тобанан тIемалой

"Исламан пачхьалкх" шайх олучу тобанан тIемалой

Шемахь а, Иракъехь а кхелхачу нохчийн терахь хаддаза лакхадолуш ду. Кху деношкахь Иракъера Бейджи г1ала йоккхуш хиллачу т1емашкахь 50 сов Да1иш тобан декъашхо вийнера, шайна юккъехь массийта нохчийн жимстаг а волуш.

Зазадоккху-бутт бовш вуно къиза тIемаш бара ша шех Бусулба пачхьалкхе олу ДаIиш тоба декъа а йолуш, Шемахь а, Иракъехь а дIабоьлхуш. Уьш дIаболабаллалц, дахначу Iай, бIаьста а Кобани олу юьрт яккха гIерташ масех баттахь ДаIишо тIемаш бечу хенахь хIинцалц схьа Шемахь я Иракъехь кхелхинчу нохчийн тIемлойх уггаре а доккха дакъа цигахь байъинарш ларалуш бара.

Тайп-тайпанчу хьостанашца, бIе сов нохчийн жимстаг кхелхинера, цу стратегин агIор схьаэцча цхьа а маьIна доцуш, амма къизалле диллича наггахь бен масала доцучу тIемашкахь. Ма-дарра дийцича, ша шех Халип олучу ДаIишан куьйгалхочунна Аввад ИбрахIим, а цуьнан керлачу цIарца аьлча БагIдади Абубакара шена гIан гина, халипато Кобани схьайокхуш алар бахьана, цуьнан гIан кхочушдан гIерташ дина эрна закъалташ дара уьш. ГIан, амма, кхочуш ца хилира, ткъа дуккхаъчу нохчийн кегийчу нахана цигахь Iожалла карийра.

Iожалла карийна иштта дуккхаъчу вайнехан тIемлошна хIинца кху кIиранашкахь, шаьш даханчу шарахь схьаяьккхина хилла йолу Бейджи гIала ларйан ДаIиш гIертачу тIемашкахь а. Царна юккъехь вара Москохан цхьана банкехь болх беш хилла волу, цигара цIеххьана, цхьанна а ца хоуьйтуш, Иракъе ДаIишах дIакхета вахана волу цхьа жимстаг а. Кхеташ долчу бахьанашца Маршо Радионо цуьнан цIе ца йоккху. Амма оццул ала таро ю- иза шен Белгехь вехачу шичица барт а хилла, цуьнца вахнера цига дIа.

ХьастагIа и ший а вийна.Нохчийчохь цуьнан дакъдоцучу тезетахь хилла йолчу, вийначуьн маьхчица къамел хилира Маршо Радион. Шен бакъйолу цIе йовзийта ца лиинчу цуьнан фиктиван цIе, аьр вай, Масаева Тумиша ю. Цо иштта дийцира, цу кIентан ненан дешнашна тIе а тевжаш.

Масаева: „Уггаре а тоьлла болу вайн кIентий Iеха а беш, цига дIабуьгуш бу. Дега а ла ца дугIу, нене а ла ца дугIу. Тхуна юххера кIант вахна цига, Москохахь банкехь болх беш а волуш, дика нехан а волуш волу. Цуьнан хаза жима зуда яра, жима цхьа бер дара, кхин цхьаъ дуьненчу дала дезаш, доьзалхочух яра зуда. Стохка ша марха даста кафе воьду аьлла чура ара а ваьлла, ведда къайлаха цига дIавахана.

Масех де даьллачул тIаьхьа иза Шемахь ву аьлла хабар деъна. ХIетахь иза шайна хиича дуьйна схьа цунна тIаьхьадаьлла лийлира цуьнан дай-наний. Турце а бахара, Шема а бахара. Лаца а лаьцна, шайца схьавалон дагахь Турце сехьаваьккхича, цхьаьна уьш схьабогIучу хенахь эскалатор тIе шен дега хьо хьалхавала аьлла, иза хьалха а валийтина, цигахь юха ведда, кхин шена иза тIаьхьа ца кхьуйтуш, дIа къайлаваьллера.

ХIинца вийна иза. Цуьнан нанас охьадалхош дерг, цхьа а Дала схьа а кхоьллина, ша деш долу дехарш а, ша елхар а, цхьа а хIума хезаш вацара иза, тергал деш а вацара, шена вевзаш волу шен кIант вацара иза, оццул хье дIабаьхьна вара, цунна хIун динера ша хууш яц. Шега кIелхьара ца ваккхавелира иза цигара, бохуш охьайоьлхура цуьнан нана“.

Дуьненчохь а шайн майраллийца а, кхерам бара аьлла юха ца бовларца а бевзаш бу нохчийн къомах болу тIемалой. Иза царна, хетарехь, бале а долу, хIунда аьлча, дуккхаъчу Гергарчу Малхбалехь болчу аналисташа, масала, Германерчу „Геополитика“ фондан эксперт волчу Штайнберг Гидос даима а шен рапорташкахь а, интервьюшкахь а билгалдоккхуш ма-хиллара, юккъера нохчийн тIемалой хуьлу ДаIиш тобано уггаре а кхерамечу тIемашка чухоьхкуш берш.

Бакъду, халчу тIемашкахь хьалхарчу позицешкахь хилар бен, вуьшта я ДаIишан, я харц Халипатан цхьанна а кхечу даржашкахь я политике а, экономикан системе улле буьтуш бац уьш.

ГIайгIанечу кепара иза тIечIагIдо, Иракъехь вийначу нохчочун нанас тезетахь дийцинчо а. Масаева Тумишас дуьйцу кхин дIа а.

Масаева: „Шегахь хилла йолу мобилан телеофн 50 долларах йохка а йоьхкина, тIе ца тоьург накъостера даккха а даьккхина, ша шена цигахь автомат эцна бохура цо. Юха юкъахь мотоцикал а эцна, цуьнца дIасалелаш бу бохура уьш. Уьгш тергал беш, церан Iуналла деш, цаьрца бала болуш цхьа стаг вац бохура.

ТIом бан безачу уьш чулехкар бен. Инзаре хIумнаш ду бохура цара цигахь лелош дерш, къизалла лелайо бохура, бусулба дин хIоттош ду шаьш бохуш. Нохчел а дукха азербаджанхой а, суьли а, гIалгIай а бу бохура. Европера дин тIе а эцна, схьабаьхкина дукха зударий а бу бохура“.

Халхеташ делахь а, тера ду, хьастагIа Иракъехь байъинчу нохчийн кегирхойн тоба тIаьхьарниг йоцучух. ДаIишан пропагандано Iехийна цига дIабахана я баха хьаьгна, цига кхача некъаш лоьхуш кхин а шортта болчух тера ду и саннарш.

Цуьнан цхьана агIор ДаIишан зуламаш дийцаре дечу Оьрсийчуьрчу а, Малхбузерчу а хаамиийн гIирсаш а жоьпалла а ду. ХIунда аьлча цу зуламе тобанах лаьцна яздечохь я дуьйцохь даима а билгалдоккху журналисташа, и тоба мел нуьцкъала ю, цуьнан мел яккхийн ахчанийн а, герзанийн а таронаш ю бохург. Иштта шайн материалашкахь даима цара пайда оьцу ДаIишан символиках, иза вуно зене хилар аналисташа юх-юха а дуьйцуш долшехь.

Ткъа къоначу, хьекъална кхиина боцучу нахана цунах, гарехь, тIеIаткъам хуьлу.

XS
SM
MD
LG