ТIекхочийла долу линкаш

Молдован премьер-министро дарж дуьту


Молдован премьер-министра Габурич Кирилла ша дарж дуьтуш хилар дIахьедина пIераскана. Иза нислуш ду Iилманан кандидатан цIе бозбуанчаллица яьккхина боху хаамаш баьржича, прокуратуре а кхайкхина, Габурич левинчул тIаьхьа.

«Политикан ловзаршкахь» тайниг йина шен Iилман кандидаталлах, ша менеджер ву, политик вац, ткъа пачхьалкхо хийца догIу шен политикан раж, аьлла Габурич Кирилла, ша дарж дитар хоуьйтуш.

Европехьа волчу цунна дарж тешийра кхо бутт хьалха. Цо кху кIиран юьххьехь Модован прокурор а, юкъарчу банкан куьйгалхо а бехкевира мехкан кхаа банкера цхьа миллиард доллар дарна.

XS
SM
MD
LG