ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Хьо тIаьххьара маца вахана мангал тоха?..


Нохчийчоь --Теркахой бу мангал тухуш, 13Ман2015
Нохчийчоь --Теркахой бу мангал тухуш, 13Ман2015

Нохчийчоьнна а тIегIерта кхузаманан урбанизаци. Сурт цуьнан иштта ду: ца лелабо наха етт, устагIа, котам, гIаз, бад, тесна юьйш а йоцуш юьсу бошмаш,ца хаьа доьзалшна, муха чам бу хIинцца етт оьзна яьккхинчу шурин, хIоьан, бешара хьадда вахана хьалаозийначу хохан, хорсаман, шаьш кхиийначу хасстоьман.

Атта болх бац мангал шаршор. Кес лаьцна воьду со, ткъех гIулч ваьллехь кхин гена а ца ваьлла, амма са а хаьдда висна. Со санна кху дайх бисинчу мангалх хербелла дукхахболу нохчий а. Цхьаболчу кегийрхошна-м и муха лоцу а ца хаьа. И тусарррий, ирбаррий-м дийца а ца оьшу.

БIеннаш шерашкахь вайнаха даьхний кхобуш, шайн рицкъ дебо, хьал-бахам стамбан хьекхна хIара гома, пIенда санна сеттина болатан аса-мангал тахана Iуьллуш бу дегабаам бича санна, бицбелла, мекха а боьлла . Iуьллуш бу нохчийн ворхIе да хене ваьккхинарг, церан дахарехь аьтто бинарг хIарра мангал хиллехь а.

Тахана кхуьнан кхоллам къацахетарийн буьйна бахна схьахетарехь. РегIан даккъашкахь, басешкахь, боьранашкахь лехча а ца карабо мангалхой. Уьш хена жерахь юха ца бан цхьанхьа дIабаханчух тера ду. Шайн куьйга докъар доккхурш мелла а алсам ган тарло ломан кIошташкахь, бакъду цигахь а, гонах жIолмийн, коьллийн керташ а йина, хIинццалц доладина мангал хьокху меттигаш тахана тиссина лаьтташ ю.

Некъа тIера дIавала а ца оьшуш цунна тоьшаллаш карадо Ножай юьрта кIоштехула Бена-Ведана, масала хьалавоьдуш а. Изза сурт Веданан а, кхечу кIошташкахь а. Кху бицбина богIучу мангалах тера, кхуьнца дозаделча санна, нохчаша ма-аллара, юьхь дозуш хилча санна, Iар-дахарехь дуккха а хIумнаш дицдина, хийцаделла догIу ярташкара дахар а. Баккхий хийцамаш дукха белахь а, дика аьгна ирбина мангал, мацах-мацах санна бацах дика-м тасало.

Хьалхо муха дара ярташкара дахар? Мел хийцаделла Iар-дахар а, адамаш а? Цунах, шена зеделлачух дуьйцуш ву Теркйист кIоштера къинхьегамхо Руслан.

Руслан: «Хьалха сатасарций кочар а дой, регIа мангале хьаладоьдура, вовшашка маьхьарий а детташ. ЧIогIа хаза хан Яра. Де дохделла далале бохуш мангал хьокхура, ворданаш а юттий цIа догIура. Хьанех, хьуна гIо дой, бохуш маьхьарий а детташ,эшахь гIо дора къаьсттина воккхачунна. Тахана малх лакхабаьлча а ,7-8 сахьт даьлча а нах бийшина хуьлу-кх хьо дIа кетIа вахча.

Араваьлла мангал тоха бала болуш-м цхьа да вац. Къахьега ца лаьа нахана. Хьо регIа вахана хьаьжча,тулгIе а етташ,хIорд санна цана ю-кх, амма хьокхуш стагга-м вац. Даьхний лелош берш кIезиг бу. Тхан юьртахь нисса аха юрт ю-кх бежана корта боцуш».

Юьртара дахар чIогIа «гамделла» хетачех ю Ломаз-юьртара 80 шо долу Iайшат. Цо дийцарехь етт озар, бод хьакхор, бепиг дар, тIаргIанах дезар дар, я хастоьмаш кхиор хIун ду ца хууш, сте хилар бен кхин гуьнахь доцу зударий дебна тахана ярташкахь. Цундела бохура цо юьртара дахар тахана гомха а, гома а хета шена.

Iайшат: «Дера хета гома. Хьалха санна къахьоьгуш белхьара зударий сакъера дог а догIур дацара,чу а бирзина шайн гIуллакх деш а хир бара. Шайн марошна зударий а бац уьш,я берашна хьеха наной а бац уьш. Буза а буьзина хьербевлла-кх. ТIаргIанах дезар деш йолчу сох а ца беша. Со Iовдал ю боху сан-сайн чуьрчара а».

Къаноша даре а деш кху тIаьхьарчу 20-30 шерашкахь вуно чIогIа хийцаделла ярташкара дахар,хийцаделла и тидар а, кхетор а,юьртахойн амалш а. Царех ах сов, даьхний кхабарра-м стенна дуьйцу, цхьа етт кхобуш а бац, я бад-котам лелош а бац. Оццул буй те аьлла бу, къух даьлла лаьтташ бошмаш а йолуш, хох саьмарсекх а, наьрс-памдорра-м хьала а охьа а туьканара оьцуш берш.Цара, баккхийчара, гIаланийн амале йоьрзуш ю ярташ бохуш, беш болу тидамаш, мелла а бакъ хуьлчух тера деттало схьагуш долу сурт.

XS
SM
MD
LG