ТIекхочийла долу линкаш

Швейцаре кхаьчна бакъоларъярхо Гусейнов Эмин


Бакохарчу дипломатин векалтехь 10 баттахь лачкъийна кхаьбначул тIаьхьа Швейцарино шайн махка кхачийна азербайджанхойн бакъоларъярхо, журналист Гусейнов Эмин. Азербайджане белхан визитца вахана хиллачу Швейцарин арахьарчу гIуллакхийн министран Бурхалтер Дидьен кеманца веана Гусейнов Бёрне, боху хаамийн гIирсаша.

35 шо долчу Кавказерчу журналистан кхо бутт хан ю, лаам белахь, Швейцарига шена тховкIело еха. Президентна Алиев ИльхIамна критика ярца вевза Гусейнов Эмин, цо Iедална ша лелаечу бизнесах ял дIа ца елла, аьлла, бахьана а хIоттийна, лаца кхайкхийра шо гергга хьалха. ХIетахь дуьйна вара иза Швейцарин векалтехь лечкъина. Бакох Маршонийн а, репортерийн кхерамзаллин а институт олучу оппозиционерийн тобан коьртехь ву Гусейнов. Тобано дешан маршо махкахь эшорна бехкево Алиев ИлхIам кест-кеста.

XS
SM
MD
LG