ТIекхочийла долу линкаш

Донбассехь тIематийсадаларшкахь 6 вийна


6 вийна, 14 лазийна Украинан эскархойх Донбассехь дийнахь-буса лаьттинчу тIематийсадаларшкахь. ТIеман министраллан векала Лысенко Андрейс шоьтан дийнан бриффингехь хаамбира салтий сепаратисташа барт а бохош деттачу герзаша а, хIиттийначу минанаша а байина, аьлла. «Шайна дуьхьало йича, танканаш дIа а тийсина, бевдда мостагIий. Цара нах бехачу урамашна тIе детта герзаш», - элира Лысенкос.

Минскехь бина машар кест-кеста буьйцуш Украинан, Оьрсийчоьнан, Германин, Францин векалш а Iаш, бойу наха вовшийн Донбассехь. 6400 стаг велла конфликт йолаелчхьана, миллион сов вахархо ваьлла хIусамах. Иштта ду Цхьанакхеттачу Къаьмнин организацин терахьаш.

XS
SM
MD
LG