ТIекхочийла долу линкаш

Вайна, йижаршна, юкъахь аьлча...


Нохчийчоь --Соьлж-ГIалара белхало

Нохчийчоь --Соьлж-ГIалара белхало

Нохчийн къомо шен иллешкахь дезачу дешнашца язъеш хилла зуда – доьзалан гIарол, кхерчан нана. Мила ю иза тахана юкъараллана, иза муха Iалашйо, хIун ду цуьнан карахь?

Нохчийн къоман оьмарехь божарша, халкъан дахаран архаш шаьш шайгахь кхабаре терра, тайп-тайпана кхуллуш хилла нохчийн зудчунна иза лела догIу хьесапаш.

Цхьана юкъанна, Советан Iедал лаьттачу заманахь, коьртара йовлакх охьатаса, хьайх айхьа жоп ло, хецало-ястало, «зударийн, божарий бакъонаш цхьаъ ма ю», бохуш, тоьттура бусулба зуда.

И Iедал доьхча, дуьне-дахар кхечу кепара кхетон боьллачу оццу вайн божарша, къоман дахарехь хьалхара а хеташ, юха а болийра зударий шайна нийса хетачу хорша баха.

ХIинца вайнехан зудчуьнга доккха кортали тилла, ехха коч йоха боху.

Божарийн цхьана декъо и кортали, берриг корта а хьулбеш, тилла боху, кхечу декъо, дуьне дохон араяьлла мостагI санна, хьийзайо зуда, цо ларамза а чIениг къайла яьккхинехь.

Коч цхьаболучара лелае боху цуьнга лаьттах текхаш, ткъа вукхара - тIех еха коч йоьхна зуда туьду зуламна араяьлларг.

Шена цкъа цхьана кепехь, тIаккха вукху кепехь хатI кхуллуш хьийзачу юкъараллехь, лечкъийна а хIун до цунах, вуно хала ду зудчунна.

Доллучунна тIе а, тахана нохчий шина дуьненахь беха. Шен амалца цхьана а кхечу мехкех тера йоцчу Нохчийчохь а, шен маршонех дозалла дечу Малхбалехь а. Цуьнга хьажжина башхаллаш ю оцу шина дуьненахь бехачу зударийн хьелашца а.

Нохчий бехачу дуьненан шина а декъехь хетарг талла хьовсур вай. Оцу къастамо гойту хIун кхане ю нохчийн къоман зудчунна. Муха кхочур ю цкъа мацца а даймахка ерза лууш еха Малхбалера нохчийн зуда ша йинчу гIала, юьрта.

Муьлхачу хьелашкахь карор ю цунна шен махкахь яха йисина йиша, шича, шен къоман зуда – цунах а дозу вайн къоман менталитет муьлхачу новкъахь ю, хIун тIегIа цунна кхана кхочур ю бохург.

XS
SM
MD
LG