ТIекхочийла долу линкаш

Эххар а меттахIоьтти нохчийн рузма


2010-чу шарахь дозанал арахьа тховк1ело карийначу Ичкерин 1едало т1еч1аг1йира рузман цхьа вариант.

2010-чу шарахь дозанал арахьа тховк1ело карийначу Ичкерин 1едало т1еч1аг1йира рузман цхьа вариант.

Шераш дара нохчашлахь беттанийн цIерш - рузма - шайн маттахь хила еза боху къамелаш лела а, оцу тIехь говзанчаша болх бо а. Бакъду, Маршо Радионо-м хьалххе юкъа а яьккхина, лелош ю нохчийн шира рузма.

Шира а, гонахарчу дуьненах, Баттах, Малхах, жил-Iаламо шен дахарехь шарахь бечу некъах кIоргга хаарш долуш схьадеъна ду нохчийн къам.

Эзарнаш шераш хьалха кхоьллина а, ехха лелла а ю вайнахалахь шен рузма. Гонахарчу дуьненан башхаллех тидамаш беш, я шайн дахаран хотIца йоьзна, я шаьш теша цIуйш базбеш техкина хилла беттанашна цIерш.

Кавказ оьрсийн карайирзича ца лелош датесна, тIаьхьо Советан Iедал тIедеъча оьрсаша йоху беттанийн цIершца хийцина нохчаша рузма.

Дерриг дуьнентIехь яьржаш йолчу Маршо Радион нохчийн редакцино ша юхакхоьллина дукха хан ялале дитира оьрссийн кепехь беттанийн цIерш яха. Пхи шо ду оха вайн дайша лелийна цIерш беттанийн йоху.

Муха нисделира, Нохчийчохь рузма оьрсийниг а лелош, еккъа ша Маршо Радионо беттанийн цIерш нохчийн маттахь яхар? Цунах лаьцна иштта дагалоьцу Къилбаседа Кавказан сервисан куьйгалхочо Аюбов Аслана.

Аюбов: «Маршо Радионо и рузма лело маситта шо ду, 5-6 шо хIете а вете а хир ду. И тIеэцарна 2 бахьана дара тхан. Цкъа делахь, Маршо Радиохь болх беш болу журналисташ шайн маттах а, шайн къомах а, шайн ламастех а дог лозуш нах бу. Уьш гуттар гIерта нохчийн мотт цIена бийца а, дицлуш долу дешнаш дендан а, вайн меттан кхане Iалашъян а.

Цундела вай нохчийн вебсайт схьайоьллуш хенахь, цу тIехь лелош йолу календар нохчийн маттахь хилийта лууш дара тхо. Вай тIеэцна долу рузма, кхета атта ша хиларна, аьхна хета вайн ладогIархошна а, сайтан ешархошна а.

ШолгIа делахь, къам чIогIа даьржина вайн тIаьххьарчу хенахь. ГIазкхийн мотт ца хууш болу нах дебаш бу вайна юккъехь. Уьш Туркойчохь, Урдун-махкахь а хилла а ца Iаш, хIинца Европехь а, Iамеркехь а баьржаш бу. Къаьсттина хьалакхуьуш долчу чкъурана оьшу вайн маттахь йолу календар, аьлла хетара тхуна».

ХIинца, тIаьххьара а, хийцамбина Нохчийчуьрчу Iилманчаша а, ненан мотт халкъалахь чIагIбан гIертачу жигархоша а рузманехь – иза нохчийн маттахь лелийта магош низам тIе а эцна махкарчу Iедало. Ша и хилам шена беза лара а догIу нохчаша, хетарехь.

Маршо Радиога рузма нохчийн матте ша а, шеца кхечу говзанчаша а муха яьккхира, муха тIечIагIйира дуьйцу оцу балханна кхоьллинчу комиссин коьртехь хиллачу журналиста, «Даймохк» газетан коьртачу редакторан гIовса Дадаев Сайд-Хьасана.

Дадаев: «Экспертийн кхеташо дIадаханчу шарахь кхоьллина, куьйгаллехь Кадыров Рамзан а волуш. Оцу кхеташона юкъахь кхоьллина ю хаамийн гIирсашкахь нохчийн мотт нийса бийцарна тIехь терго латторан комисси. ХIетахь дуьйнна болх бан гIерташ, хаамийн гIирсашкахь нийсаязадаран бакъонаш, орфографи олу-кх цуьнах. уьш ларъярна тIехь терго латтош, шалха-кхалха кепаш ца хилийта гIерташ къахьоьгуш ду тхо.

Тхайгара кхоьллина яц рузма, дIакхайкхаяле, Иорданехь бехачу нохчашка, вайн Нохчийчохь мел болчу Iилманчашца дага а дуьйлуш, Алероевн, Хасиевн, Мадаеван белхаш талла а теллина, беттанийн бала мел кхаьчначаьрца дага а девлла хIоттийна ю».

МеттахIоттийна нохчийн рузма а, яртийн, кIотарий цIераш а. Амма мел хан оьшу и цIераш адамийн матте а, коьрте а ерза, хууш дац.

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG