ТIекхочийла долу линкаш

Iамерко Оьрсийчоьнах ларбийр бу шен Европера бертахой


Цхьаьнатоьхначу Штаташа Малхбалерчу Европехь деза герз дIатардаро кхерамазалла чIагIйийр ю Балтин хIордаца йолчу пачхьалкхийн а, Малхбалерчу Европехь болчу Iамеркин бертахойн а. Цо иштта новкъарло йийр ю Оьрсийчоьнна Украинина тIелата а, кхин долу Москохо девне хIуманаш лелорна а. Цунах лаьцна, Reuters агенталлана интервью луш, дIахаьедар дина Iамеркин Iедалан лаккхарчу даржехь волчу белхахочо.

Даханчу Шоьтан дийнахь New York Times газето хаам бира, Пентагон дагахь ю Малхбалерчу Европехь шен танканаш а, гIагI диллина машенаш а, кхин долу деза герз а, ткъа иштта 5 эзар эскархо а дIатарван. КIирандийнахь Полшин тIеман министралло бакъдина Варшава Вашингтонца цу хькъехь дийцарш дIахьош хилар.

XS
SM
MD
LG