ТIекхочийла долу линкаш

15 стаг велла Тбилисехь хи тIедалар бахьана долуш


15 стаг велла Тбилисехь, хи тIедалар бахьана долуш. Кхин а 20 стаг карош вац. Интерфаксо бинчу хаамца, Оршот Iуьйранна Гуьржийчоьнан коьртачу гIаланна юккъехь йолчу Вере чIожехь велла карийна кхин цхьа стаг. Иза чохь а волуш машен гучуяьлла хи жимма лахделлачул тIаьхьа.

Карарчу хенахь Тбилисехь дIахьош бу адамаш къелхьардахаран белхаш. Iедалша бинчу хаамашца, хи дестар бахьана долуш масийтта машен хи чу йоьжна. Оршот дийнахь Гуьржийчохь кхайкхийнера тезетан де.

XS
SM
MD
LG