ТIекхочийла долу линкаш

Меттигерчу Iедалийн харжамаш хилла Молдавехь


Молдавехь меттигерчу Iедалийн харжамашкахь, цхьатерра ала мегар долуш, кхаьжнаш гулдина Оьрсийчоьнехьа йолчу а, Европехьа йолчу а партийн векалша. Цунах лаьцна хаам бина Молдавин харжамийн комиссин векло, 98 процент бюллетенаш дагардинчул тIаьхьа. Кишиневан мэр харжа аьтто ца баьлла хьалхарчу муьрехь.
Цигахь шолгIа мур хир бу кху беттан 28-чу дийнахь. Карарчу хенахь Кишиневан мэр волчу либералан Киртоакэ Доринан а, Оьрсийчоьнехьа йолчу социалистийн партин кандидат йолчу Гречаная Зинаидин а аьтто ца баьлла лаххара а ах харжамхойн кхаьжнаш гулдан. Орхей гIалахь мэр хаьржина бизнесхо Шор Илан.
Цунна шайн кхаьжнаш дIаделла 60 процент харжамхоша. И стаг бехке веш ву Iедалша Молдавин кхаа банкера цхьа миллиард доллар ахча махкал арадаккхарна.
XS
SM
MD
LG