ТIекхочийла долу линкаш

Оьрсийчоьнан кредит - Януковичана кисина таIийна ахча


2013-чу шарахь Оьрсийчоьно Украинина делла 3 миллиард доллар кредит коррупцин кепехь кисана таIийна ахча ду аьлла Bloomberg телеканалана интервью луш дIахьедар дина Украинин президенто Порошенко Петрос. Порошенкона хетарехь, Оьрсийчоьно и ахча деллера Украинин президент хиллачу Янукович Викторна, цо евроинтеграци яр сацорна дуьхьал.

Цунна хетарехь, Оьрсийчоьно кхо миллиард доллар барамехь Украинин еврооблигацеш эцар Iедалан цIарах бина мах лара мегар дац. Амма цо жоп а цалуш дитира Украино кхочуш дийр ду, я дац и кредит оьцуш шена тIелацна декхар боху хаттар. Цу декхаран статус билгалъяьккхина яц элира Порошенкос.

XS
SM
MD
LG