ТIекхочийла долу линкаш

Iамеркин президент хила дагахь ву Буш Джеб


Флорида штатан губернатор хилла волчу Буш Джеба Майами университетехь митингехь вист хуьлуш дIахьедар дина, Iамеркин президентан харжамашкахь Республикан партин цIарах кандидат хила дагахь ву ша аьлла. 62 шо долу Буш Джеб Iамеркин президент хиллачу Буш Джорджан жимах волу кIант ву. Джебан воккхах волу ваша ву Iамеркин президент хилла волу Буш Джордж-жимахверг.

Митинган декъашхошна хьалха иза вист хилира ингалсан а, испанхойн а маттахь. Хьалхо президентан харжамашкахь Демократин партин цIарах дакъалаца ша дагахь хиларх лаьцна хаам бира Iамеркин президент хиллачу Клинтон Биллан хIусамнанас Клинтон ХIилларис.

XS
SM
MD
LG