ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Йеменехь вийна Ал-Вахайши Нассир


Йеменехь вийна Ал-Вахайши Нассир. Иза Ал-Кайда олучу тобанан куьйгалхойх шолагIа стаг вара бохуш чIагIдо цу мехкан Iедалша. Ал-Вахайши верах лаьцна интернетехь хаам бина цуьнан накъоста Батарфи Халида. Цо дийцарехь, Ал-Вахайши а, кхин а ши стаг а вийна кху беттан 12-чу дийнахь Хадрамут провинцехь, Iамеркин тIеман кемано ракеташ а тоьхна.

Цунах лаьцна кху беттан 15-чу дийнахь хаам бинера Йеманан кхерамазаллин кхеташонан шина эпсаро. Цара чIагIдарехь, Ал-Вахайши юххера накъост вара «Ал-Кайдин» лидер хилла волчу Бин Ладен Iусамин. Иза вийначунна 10 миллион доллар кхайкхийнера Iамеркин тIеман куьйгалло.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG