ТIекхочийла долу линкаш

Каляпинан тобано болх бийр бу Соьлж-ГIалахь Эстемирован хIусамехь


«Къизаллаш лелорна дуьхьал комитет» це йолу бакъонашларъярхойн организаци кхин дIа а болх бан дагахь ю Нохчийчохь. Цунах лаьцна «Интерфаксе» хаам бина цу комитетан куьйгалхочо, Оьрсийчоьнан президентан адамийн бакъонашкахула йолчу кхеташонан декъашхочо Каляпин Игора.

Цо дийцарехь, бакъонашларъярхой дIатарлур бу Эстемирова Наталья яьхначу хIусамехь. И вариант цаьрга кховдийнарг ю Малхбузерчу Европехь ехаш йолу Эстемирован йоI. Кху тIаьхьарчу эха шарахь шозза зуламхоша тIелатар дина Каляпин Игора куьйгалла дечш йолу бакъонашларъярхойн тоба ехачу хIусаманна.

XS
SM
MD
LG