ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Евроберто яхйеш ю Оьрсийчоьнна дуьхьал кхайкхийна санкцеш


Евробертан юкъайогIучу пачхьалкхийн векалша кхин а 6 баттана яхъян сацам бина шаьш Оьрсийчоьнна дуьхьал кхайкхийна йолу экономикан санкцеш. Цхьана шаранна дахдина ГIирме инвестицеш хьажор дехкар а. Евробертана юкъайогIучу пачхьалкхийн арахьарчу гIуллакхийн министрша тIечIагIбийр бу и сацам кху беттан 22-чу дийнахь.

Оьрсийчоьнна дуьхьал санкцеш кхайкхийна стохка Товбеца-баттахь, Оьрсийчоьно ГIирма дIалацар бахьана долуш. Кху шеран Зазадоккху-баттахь Евробертана юкъайогIучу пачхьалкхийн куьйгалхоша сацам бира и санкцеш ницкъ болуш йита Украинера дов дIадерзош Минскехь тIеэцна барт Оьрсийчоьно кхочуш баллалц аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG