ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Ушаков: Герзаш алсамдохуш къийсаяла лууш яц Кремл


Оьрсийчоь герзаш алсамдохуш къийсаяла лууш яц аьлла дIахьедар дина Кремло. Иза мехкан экономикана лазаме хир ду аьлла хета Оьрсийчоьнан президентан гIонча волчу Ушаков Юрийна. Петарбухехь экономикан форумехь вист хуьлуш цо бехке йира НАТО Оьрсийчоьнан дозанна тIегIертарна.

И бахьана долуш шайн кхерамазалла ларъян гIулчаш яха дезна шайн бохуш вара Ушаков. Шинарин дийнахь шаьш 40 керла зарратан ракета йина аьлла дIахьедар дира Оьрсийчоьнан президенто Путин Владимира. И бахьана долуш синтем байна ю Малхбузе.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG